– Седарчий оццул хаза, цигахь цхьанхьа цхьа зезаг долу дела, ду хьуна, кхузара дӏахьаьжча, иза гуш дацахь а...
Дера ду, – элира ас, батто серлаяьхначу гӏамарийн тулгӏенашка бӏаьрг а кхарстош.
– Гӏамарийн аре а ю хаза... – тӏетуьйхира Жимчу эло.
Иза бакъ ду. Сан гуттар а самукъдолура кху пана арахь. Хьо гӏамаран оьли тӏехь хиъна ӏа. Схьагуш хӏумма а ца хуьлу. Я хезаш а ца хуьлу хӏумма а. Хӏетте а тийналла зӏаьнарех сегаш санна хетало...
– Пана аре иштта тайна хӏунда ю, хаьий хьуна? – элира цо. – Дӏо, цхьанхьа кӏоргга бухахь, цуьнца хьулделла шовданаш долу дела, ю хьуна... Со инзарваьккхира цуьнан оцу дешнаша, со цӏеххьана кхийтира, гӏамарийн и зӏаьнарех лепар мичара ду. Со бер долчу хенахь цхьана жимчу цӏа чохь ӏаш дара тхо – цу чохь хьулйина хазна ю бохуш, дуьйцура. И цхьана а дена карийна цахилар-м, кхеташ ма деца, я, дӏахьаьжча, цкъа а и каро гӏоьртина стаг а хир вацара. Амма и хабар бахьна долуш, и цӏа ша цхьа тамашийна, шех цхьа жинийн хӏо хьакхаелча санна дара, шен деган кӏоргенехь цо хьулйина латтош и къайле хиларна...
– Хӏаъ, – элира ас. – Цӏа делахь а, седа белахь а, пана аре елахь а, цаьрца уггар а исбаьхьа дерг хьан бӏаьргашна ган йиш йоцург ду.
– Со ӏаламат вокхаве сан доттагӏчо Цхьогало аьлларг ахь тӏетадарна, – сан хабарна чӏогӏа реза хилира Жима эла.
Цул тӏаьхьа цунна набкхийтира, иза кара хьала а эцна, дӏаволавелира со. Сан дог тохаделира. Айса марахь дахьарг, йоӏ-бӏаьрг санна, лардан дезаш, дукхе-дукха экам жовхӏар ду аьлла, хийтира суна. Цул экам хӏума, мел дукха лехарх, кху вайн малх кхетачу дуьненахь хир а дац аьлла-м, хийтира. Беттан серлонгахь цуьнан кӏайн хьаж а, тӏекъевлина бӏаьрнегӏар а, мохо ловзо дашо месаш а тергалъеш, сайн дагахь ас бохура: хӏара хьуна схьагург тӏехулара чӏуьйриг бен яц. Уггар коьртаниг – иза бӏаьргашна ган йиш йоцург ду...