Иза боккъал а чӏогӏа оьгӏазвахнера. Цо корта ластийра, шен дашо месаш мохехь дӏаса а яржош.
– Суна евзаш цхьа сайрат ю, цу тӏехь вехаш цӏарул-цӏен юьхь йолуш цхьа месье ву. Шен дахарехь цкъа а зезагах хьожа яьккхина вац иза. Цкъа а седа тергал ца бина. Цкъа а цхьа а везна вац. Я цкъа а цхьа а хӏума дина а вац. Цо дешдерг цхьаъ ду: терахьаш вовшахдеттар. Сатесчахьана буьйса йоллалц цхьа хӏума ду цо кхайкхош: «Со ладам болуш стаг ву! Со ладам болуш стаг ву!» – хӏинца ахь санна. Ша куралла эккха воллу. Ткъа боккъал а аьлча, иза адам а дац. Иза жӏаьлинускал ду.
– Хӏун?
– Жӏаьлинускал!
Жима эла, дукха оьгӏазвахна, босбаьхьна вара.
– Миллионаш шераш ду, зезагаш тӏехь кӏохцалш дуьйлу. Миллионаш шераш ду, хӏетте а ӏахарша и зезагаш дуу. Зезагаша, и кӏохцалш хеца гӏерташ, сел чӏогӏа къа стенна хьоьгуш ду, царех хуьлуш кхин пайда бацахь, – цунах кхета гӏортар дац техьа ладам безаш гӏуллакх? ӏахарший, зезагаший гуттар а вовшашца тӏемаш бар, – вай кхета хьовса мах ца кхочуш, иштта пайда боцуш гӏуллакх ду техьа и? Оцу и цӏен юьхь йолчу стоммачу месьен арифметикал коьрта а, мехала а хила ца деза и? Хӏун хаьа, суна девзаш дуьненахь а ша цхьаъ бен доцу зезаг дуйла, иза сан сайрат тӏехь кхуьуш дуйла, ша санна дерг кхин цхьана а меттехь хила йиш йоцуш, ткъа цхьана ӏуьйрана жимчу ӏахаро баха а бахна и даахь, ша динарг шена а хӏун ду а ца хууш? И, хьоьга хаьттича, иштта маьӏне а, мехала а дац-кха?
Иза чӏогӏа кхохкийнера. Тӏаккха юха а дӏадо шен къамел:
– Хьуна дукхдезаш цхьа зезаг делахь – дуккха а миллионаш седарчех цхьанна а тӏехь ша санна дерг хила йиш йоцу цхьаъ бен доцу зезаг – и тоьуш ду хьуна, стигла хьала хьаьжча, хьуна хьо ирсе хета. Ахь хьайга олу: «Цигахь цхьанхьа дехаш сан зезаг ду...» Ткъа иза ӏахаро даахь, – иза массо а седа дӏабар санна ма ду! Иза, хьоьга хаьттича, доккха хӏума дац-кха!