– Со иза схьадан ваха-м воьллера, амма хьо къамел дина даллалц гӏойла ма дацара сан!
Тӏаккха цо кхин а чӏогӏа туьйхира йовхарш: «Дӏа дагахьбаллам хила хьайна! – бохург дара и Жимчу эле. – Со-м цомгаш хилла дели хьуна!»
Жимчу элана и исбаьхьа зезаг дукха-м дера дезаделлера, шен хуьлчух, хаза а хеташ, цунна ӏуналдан а, цуьнан гӏуллакхе хьажа а кийча а вара, хӏетте а цхьана шеконаша кестта дог къийзо долийра цуьнан.
Шега аьлла мел деса дош а цунна дагах кхетара, тӏаккха ша цхьа чӏогӏа декъаза стаг хийтира цунна. Эрна ладегӏна хиллера ас цуьнга, – элира цо соьга цкъа цхьа цӏенчу даггара. – Зезагаша дуьйцучуьнга цкъа а ладегӏа мегарг ца хиллера. Цаьрга хьоьжуш ӏен везаш хиллера, церан архьах* кийра бузош. Сан зезаго мерзачу архьах юьзнера сан ерриг сайрат, ткъа суна цуьнан пусар дан ца хиира. Цуьнан оцу цӏоькъех, церан ирчу мӏарех долу и къамелаш... Цара сан дог дашо дезаш дара, ткъа со мелхо а оьгӏазвахара... Кхин цхьана хӏуманна даре а дира цо:
– Со кхеташ хӏумма а ца хиллера хӏетахь! Цо дуьйцучуьнга а ца хьоьжуш, цо дечуьнга хьажа везаш хиллера. Цо суна шен хаза хьожанаш еллера, сан дерриг дахар серладаьккхинера... Со вада везаш ма ца хиллера. Цуьнан пекъарчу хӏилланашний, кийтарлошний тӏехьа суна ган езаш хилларг цуьнан ховха эсалалла ма яра. Дегбаамийн тӏаьхьало йоцуш хӏумнаш ю зезагаш! Амма дукха къона вара со хӏетахь, хӏумма а деза ӏемина вацара.