ӏ
Оццалла чӏогӏа тов суна Лечас нохчийн маттахь буьйцу испанхойн а, французийн а, казахийн а, гӏазакхийн а (оьрсийн – ред.) меттанаш, хӏунда аьлча цу меттанаша суна сайн мотт бовзуьйту, цуьнан хилла яц моьттина таронаш юй а хоуьйтуш.
Муьлххачу а къоман литература гочдархошкахула бен кхиа йиш яц, мотта бу цара кхиош, гӏазакхийн (оьрсийн) литература французаша кхиийна ю, аьлча а церан произведенешкахула, уьш шайн матте а йохуш.
Вай къа-м хьоьгур ду, яздо бохуш, амма вайн литература кога а яхна дӏа-м гӏура яц, Абдулаев Леча санна болу гочдархой вайн къомах ца бовлахь. Леча царех дуьххьар а ву, мел хиллачех а – дуьххьара: Антонио Мачадан «Екхна яра суьйре оцу аьхкалера» боху стих хӏинца санна кхетта а, я хӏинца санна дагах летта а вац со, масийтта шерашкахь гӏазакхийн (оьрсийн) маттахь айса ешарх.
Сент-Экзюперин боккъал а йолу шедевр «Жима эла» дуьххьара Лечас йовзитина суна, сайн сих са хьарччалла, ойла экам а йоьрзуьйтуш.
Абдулаев Леча бакъволу поэт ву, поэтан мотт а болуш, поэтан ӏилма а; «Поэтан ӏилма» бохург – синазераш ду сан, синаӏилма, синабӏаьрса, кхечу стеган хила йиш йоцу, я хилахь а – кхоччуш-м.
Поэт а, авлияъ а цхьаъ ву, царна санна бакъдерг кхечунна ган а ца го.
Меттан къайле а иштта а ю, синаӏилманца яста езаш, поэтан ӏилманца, халкъан доцчохь – шен дош а кхуллуш, долушдерг – марз а деш.
Со воккхаве, Лечас сайна Мачадо а, Хименес а, Экзюпери а, Федерико Лорка а, кхин дуккха а поэташ нохчийн маттахь бовзийтарна, ас буьйцучу сайн маттахь, сан ненан маттахь.
Муса Бексултанов