Жимчу эло, тӏулга тӏе охьа а хууш, стигла хьала бӏаьрг кхарстийра.
– Седарчий хӏун бохуш лепа, хаа луур дара–кх суна,– элира цо, ойлане воьдуш. – Хьалха карийна а, тӏаьхьа карийна а, цкъа мацца а хӏоранна а шен-шениг юха а схьакаро атта хилийта лепа хир ду-кх. Хьажал, хьуьлларниг ю хьуна сан планета – нийсса вайна тӏехула... Амма тӏекхача ма гена ю-кх и!
– Хаза сайрат ю, – элира текхарго. – Ткъа кхузахь, кху Лаьтта тӏехь, хӏун лело воллу хьо?
– Сайн зезагца барт ийгӏина, араваьлла лела со, – мукӏарло дира Жимчу эло.
– Хӏа-а, и ду хӏара.
Цхьана юкъана церан къамел дӏатийра.
– Ткъа адмаш мичахь хуьлу? – олуш, хьалха вистхилира Жима эла. – Кху пана арахь со дукха цхьалха хета-кх суна...
– Адмашна юккъехь а-м дера ву стаг цхьалха, – билгалдаьккхира лаьхьано.
Жима эла леррина цуьнга дӏахьаьжира.
– Тамашийна хӏума а ю хьо-м, – элира цо. – Пӏелггал бен стомма а яц ...
– Амма ницкъкхочуш-м бу хьуна со паччахьан пӏелган цакхочучун а, – реза боцуш, элира лаьхьано.
Жимчу эло велааьшнадира*.
– Боккъал а, иштта нуьцкъала беца хьо? Хьан-х цхьаа ког а бац. Ур-атталла некъаш гездеш лела а таро ма яц хьан...
Цхьана а хӏорд-кемано вуьгур вацара хьо асчул гена, – элира лаьхьано.
Тӏаккха, дашо зӏе санна, Жимчу элан хьорканах хьаьрчира иза.
– Со дӏахьакхабелларг ша схьаваьллачу лаьтте дӏаверзаво ас, – элира цо. – Амма хьо дукха цӏена ву, седан тӏера воьссина а...
Жима эла вист а ца хилира.
Суна хьох къахета, – кхидӏа а шен къамел дора лаьхьано. – Гӏирнат* санна, чӏогӏачу кху Лаьтта тӏехь хьо дукха гӏорасиз хӏума ю. Хьайн сайратах болу хьан дагахьбалам хьуна дукха базбеллачу дийнахь со орцах кхочур бу хьуна. Сан хир ду хьуна дан гӏо...
– Со чӏогӏа дика кхийти хьо ала гӏертачух, – элира Жимчу эло. – Амма гуттар а хӏетал-металшца хӏунда до ахь къамел?
– Со массо а хӏетал-метална жоп хууш берг бу, – элира лаьхьано.
Кхин дист а ца хилира и шиъ.
Пана аре а хадийна чекхволуш, Жимчу элана дуьхьал цхьа а стаг ца кхийтира. И берриг некъ беш иза тӏеӏоттавелларг деккъа цхьа зезаг дара – вуно эгӏаза, цхьа а эшъаьлла хӏума доцу кхо жаз долу зезаг-цуьрг...
– Маршалла ду хьоьга, – элира Жимчу эло.