Сайн дахарехь сох кӏезга ца беттабелла тайп-тайпана, шайн дагахь, хӏуманан дурсъаьлла тӏаьхьало йолу нах. Баккхийчарна юккъехь со дукха ваьхна. Хӏинца шу санна, уллора зийна ас уьш. Амма, уьш уллора бевзинера аьлла, сан царах кхоллаелла ойла дуьненахь а тоелла дӏа а ца яхара-кх.
Кхечарал хьекъале а, кхетаме а ву аьлла хетта, баккхийчарах цхьаъ сайх кхетча, ас цунна сайн № 1 йолу сурт дӏагойтура – ас, ӏалашдеш, гуттар а сайца лелош дара иза. Айса и дӏагойтуш, и стаг, боккъал а, цхьана хӏумнах кхеташ ву-вац хаа ӏалашо хуьлура сан. Амма дӏагин-гинчо: «Иза шляпа ю», – олура. Цул тӏаьхьа я вотангарех а, я джунглех а, я седарчех а ас цаьрга цхьа а хӏума ца дуьйцура. Со сайн кхетамца мелхо а царах дӏатарвала гӏуртура. Ас цаьрца бридж а, гольф а ловзарех а, политиках а, галстукех а къамелаш дора. Иштта кхетаме стаг шайна вовзарна, и баккхийнаш цул тӏаьхьа вуно чӏогӏа реза хуьлий а хьаьвзар бара.
Иштта, дагардийца уллора стаг воцуш, со сайн сица цхьа вехаш вара. Юха, цхьа ялх шо хьалха ду-кх, ца хаийча а ца ваьлла Сахарехь кема охьахаийра ас. Сан кеманан мотора чохь цхьаъ галдаьллера. Соьца я механик а, я пассажирех стаг а вацара, тӏаккха, мел хала делахь а, галъяьлларг со-со тоян хьажа везаш хьал дара хӏоьттинарг. Я мотор тоян езара ас, доцца аьлча, я хӏаллакьхила везара. Соьгахь долу хи а дара цхьана кӏирнах тоа а, ца тоа а мегаш.
Хьалхарчу буса, цхьа эзар чаккхарма гергахь цхьа а кӏур* боцчу пана арахь, еккъа гӏамарш тӏехь набкхийтира суна. Хинкема а доьхна, бурам тӏехь ӏапказ-хӏорда* юккъехь тилвелла стаг а висна хир вацара цу буса со санна цхьалха. Тӏаккха, сатоссуш цхьана дуткъачу озо самваьккхича, со мел инзарваьлла хила веза, –дӏаойлаер-кха аш шаьш. Цо хӏун эли-и? Хӏаъ...
– Хьайн деллахь... Ӏахар биллахьа суна! – боху-кх.
– Хӏа?
– ӏахар биллахьа суна.
Сайна тӏехула стелахаьштиг кхетча санна, со хьалаэккха. Бӏаьргаш хьакхабо. Гонах дӏасахьожу. Тӏаккха суна хӏун го – кху дуьненара а дуй техьа аьлла тамашийна, цхьа нисделла бер лаьтта суна хьалха, леррина со тергалвеш. Тӏаьхьо сан цуьнан дилла ницкъ кхаьчна уггар тоьлла портрет хӏара ду.