– Хьуна цхъа хӏума дага-м деъна, соьга схьа олуш хӏума а доцуш...
Цо жоп ца делира.
– Кхана, – элира цо, нийсса шо дузу, со шу долчу кху Лаьтта тӏе воьссина...
Юха а, вист ца хуьлуш, дӏатийра. Юха ӏийна-а тӏетуьйхира:
– Со кхузза, гена воццуш, вуьйжира...
Юха цӏийвелира.
– Далла дика хуур ду-кх, сан юха а стенна делахь а чӏогӏа сабӏарзделира. Ас, ӏа а ца велла, хаьттира тӏаккха:
– Хӏинца суна хӏуттучу суртах, кӏира хьалха, вайша вовшашна гучу оцу ӏуьйрана, эзар чаккхарма уллохь кхерчан кӏур боцчу кху пана арахь хьо цхьаъ ваьлла лелар ларамаза дацара -кх хьан? Хьо хӏетахь хьо стиглара охьавоьжначу метте юхавогӏуш хилла-кх?
Жима эла виснарг а цӏийвелира.
Ткъа ас ларлу-уш тӏетуьйхира:
– Хӏетахь дуьйна шо дузуш долу делий?
Иза юха а цӏийвелира. Цо, вистхилла, сан цхьана а хаттарна жоп ца делира, амма цӏийвалар – иза «хӏаъ» бохург ма ду, дац тӏаккха?
– Цхьа сабӏарзделла, дагна хорам хилла ву-кх со... – юха а сайниг дуьйцура ас.
Амма цо:
– Хӏинца ахь хьайн болх бан мегар ду. Хьайн машен йолчу дӏагӏо. Со кхузахь хьоьга хьоьжуш ӏийр ву. Кхана сарахь схьавола...– элира.
Цу дешнаша а синна хьаам ца бира суна. Суна и Цхьогал дагдеара... Ахь хьайн дог карӏамадайтахь, хийла велха везаш меттиг а йогӏур ю хьуна.
Гӏуна гена йоццуш цхьана уьншарахьлерчу тӏулган пенан хьакхлагӏаш* йиснера. Сайн болх чекх а баьккхина, шолгӏачу дийнан сарахь цига юхавогӏучу суна геннара дуьйна гуш вара, пенах когаш чу а охкийна, дӏо тӏехь ӏа Жима эла. Суна цуьнан аз хезира.
– Хьуна дага ца догӏу? – бохура цо. –Иза кхузахь ма дацара данне а.
Цхьамма цунна жоп делла хилла куц дара, цул тӏаьхьа цо реза воцуш бахарехь:
– Хӏа-а, нийсса шо хьалха дара иза, цхьа де тӏетоха-тӏерадаккха йиш йоцуш, амма кхечу меттехь...
Ас болар сихдира. Амма лахахь пена уллохь, схьагуш а я луьйш хезаш а кхин цхьа а вацара. Хӏетте а Жимчу эло, цхьанна жоп луш, юха а бохура:
– Тӏаккха, ткъа. Гӏамар тӏехь сан когийн ларш карор ю хьуна. Тӏаккха соьга хьоьжуш ӏе. Тховса со цига дӏавогӏу хъуна. Со пена тӏе кхача ткъех метр бен ца йиснера, амма тӏаккха а суна гуш цхьа а да вацара.
Жимма ӏийна, Жимчу эло хаьттира: