Жима эла новкъа вала кийчча вара, амма паччахьан дог дохо а ца лаьара цунна.
– Хьан воккхалла, айхьа тӏедуьллу хӏума дуьхьало йоцуш кхочушдойла лууш хьо велахь, – элира Жимчу эло, – ахь цхьа кхочушдан атта, кхетаме омра дича, бакъахьа дара. Масала, цхьана минотна а хьем ца беш, сихха новкъа вала аьлла, тӏедилла мегар дара ахь суна... Суна хетарехь, и омра кхочушдан хазнехасанна дика хьелаш ду хӏинца кхолладелларш...
Паччахьо хӏумма а ца элира, тӏаккха Жима эла дӏаваха ийзалуш цхьана юкъана сацавелира, юха доккха са а даьккхина, дӏа новкъа велира.
– Ас сайн геланча во хьох! – сихха тӏаьхьа мохь туьйхира паччахьо.
Ма майра вара-кх хӏинца цуьнан и омра кхочуш ца деш ӏен ваьхьнарг аьлла, хоьтуьйтуш дара оцу минотехь цуьнан хьажар а, ӏар а.
«Хӏаъ, тамашийна къам ду и баккхийнаш», – элира Жимчу эло ша-шега, шен новкъа дӏа а воьдуш.
Шолгӏачу сайрат тӏехь вехаш цӏерхазамча вара.
– Хӏай-хӏай, сан воккхавер а вогӏу! – хазхетта мохь белира цуьнга, Жимчу элах геннара дуьйна бӏаьрг кхетта.
Дозаллаш дезачу нахана мотта ма моьттий, массо стаг а шайх воккхавеш ву.
– Де дика хуьлда, – элира Жимчу эло. – И шляпа ма нисъелла ю хьан.
– Хӏара, корта таӏош, оьшуш ю суна, – кхетийра цӏерхазамчас. – Сайга цхьамма маршалла хаьттича, корта таӏо. Амма, сан дакъазалла, кхуза наггахь а стаг ца кхочу.
– И ду хӏара? – элира Жимчу эло: шега аьллачу
цхьана а хӏумнах ца кхеттера иза.
–Тӏараш тохал ахь, – элира цуьнга цӏерхазамчас.
Жимчу эло тӏараш туьйхира. Цӏерхазамчас, шляпа жимма хьала а ойуш, эссал корта таӏийра.
«Къена паччахь волчохьчул самукъне ду кхузахь-м»,– ойла хилира Жимчу элан. Тӏаккха юха а тӏараш детта волавелира. Ткъа цӏерхазамчас юх-юха а, шляпа хьала а ойуш, корта таӏабора.
Цхьана пхеа минотехь лелийра цара и кеп, юха Жимчу элана и кӏордийра.
– Ткъа и шляпа охьайожийта, хӏун дан деза? – хаьттира Жимчу эло. Амма цӏерхазамчина и дешнаш ца хезира. Дозаллаш деза нах шаьш хастош доцчу дашна къора ма хуьлу.
– Хьо боккъал а сох чӏогӏа баккхийбечу нахах вуй? – хаьттира цо Жимчу эле.
– Ткъа и муха хуьлуш ду – и воккхавер?