Аьхке! И дош мел хаза ду! Можа бовха малх, синачубацалахь бес-бесара зезагаш! Эшар хаза олхазарш! Каникулаш!
Ишколехьйиъ класс чекхъйаьккхина, аьхкенанкхаабаттана цӏа хецнера жима кӏант Беслан. Хӏун дийр дара хӏинца?
— Э-э! Мел дукха ду-кх самукъхадаккха хӏуманаш. Чӏерий лецар – цхьаъ, хи чохь луьйчушнекадеш, тӏаккха малхо йохйинчуберданйистера гӏамарлахь ӏиллар – шиъ! Масане ду уьш, дагардина а вер вац-кх! – ша шена жоп лора Беслана.
— Книшкашешар! Нанна гӏодар! – тӏетухура нанас.
— Книшка-м школехьйоьшуш а кӏордийнера, — реза вацара кӏант нанас дуьйцучунна.
Амма кестта кӏантана карийра шен самукъадаккха хӏума. Рагӏу кӏелахь, соннехь, дадасвилспеттойинчохь кӏантана караеара йаьттӏа камера. Мел кӏеда пхенашдевлирацунах. Мел хаза ӏад хилира!
— Хӏинца, хьозий, ларлолаш! Ас тӏулгаца лоцур ду мел тӏахъаьлла хьоза а! – дов дира цо, цакхетачухьозашна.
Шен керла дина ӏад муха кхетахьажа, Беслан бешавахара. Цо сема лоьхурагаьннашлахьхьулделлахьозий. Диттан гаьннаш тӏехь ӏаш долчу хьозашна-м ца хаьара мел буьрсагерздахьаш вогӏу Беслан. Цара-м, адамаша, шайна вониг дийр дацара, — аьлла, тешна, маьршалоькхуразевнеэшарш, «чӏиркъ-чӏиркъ!» бохуш. Оцу аьзнаша уьш гучу-м дохура шайна тебашволчу кӏантана. Туьркан диттан гона тӏехь ӏаш дара мокха хьоза. Цо шен жимчу зӏакарца цӏандора шен тӏемаш. Цкъа цхьа тӏам, пондар санна озабой, бахбора цо, зӏакарца чекхдолуш, тӏаккха шолгӏа тӏам а.
Амма Беслана къинхетамза хьажийра шен буьрса ӏад. ӏодаца озийнахийцира цо горга тӏулг оцу хьозанна. «Тӏох!» — аьлла хьозаннауллорчугонах а кхеташ, пелбаьлла дӏабахара тӏулг. Хьоза-м кхераделла, ша ӏаччохь кхоссаделла, тӏемаш тоьхна, гучуьра делира.
— Эхӏ-хӏай! Со сихвелира! Со сих ца веллехь! – ша шена реза вацара кӏант.
Жимма ӏийна меттавеара иза, гаьннаш тӏехь кхин а хьозий а хааделла.
— Хӏумма а дац, ас бийр бу шун болх! – бохуш, дов дора кӏанта, хьзашнатебаш, ӏад а хьежош.
Миска хьозий-м охьахуьйшура, кӏантана хьалххабохург санна, хӏумма а шайна кхерам бу-бац а ца хууш.
Беслана, цхьа бӏаьрг хьаббой, хьажошозадора шен ӏодан пхенаш. Хӏора моссаззакхуссу а, ӏад нийсатоха ӏемаш лаьттара кӏантана.