Цунна-м моьттура шен кӏантана цхьа вониг хилла. Хийлаза нанас диттан гона тӏера охьаваьккхинера иза, чувожарна кхоьруш. Хӏинца-м из чувоьжна ваьлла моьттуш йара нана.
— Хӏун хилла! – кхераеллахоьттура цо геннара
Амма беслан хӏоьттина лаьтташ гича, мелла а сапаргӏат хилира иза. Улло кхаьчча-м дог ӏовжийра цуьнан.
— Хӏун хилла? Хӏун дина цунна? – хоьттура нанас кӏанте.
Амма Беслан-м ӏадийча санна лаьттара.
— Хьажийтал и хӏун йу хьан буьйнахьерг? – кӏентан буйнара ӏад гича кхийтира нана хиллачух.
— Нана! Иза лийр буй? Иза леш буй? Адамаш а лейишта? – ненаххьерчарадогдоьхна кӏант.
— Дера, адамаш санна лаза ма до кхокхий а, массо а садолу хӏума а! адамашка санна мохь ца хьекхало-кх цаьрга! Хӏунда йиахь и кхизалла? – хоьттура нанас кӏанте.
Кестта сецирабетталучуьракхокха. Кӏант ган ца лууш санна дӏаберзийна гӏийла корта а болуш, биллинабисина, чохь са доцу бӏаьргаш а болуш ӏуьллура иза дитта кӏелахь.
Хӏокху хазачубеша тӏехула, шен кӏайн тӏемаш лестош, и кхокха кхин цкъа а лелар бац. Цо кхин самукъадоккхур дац адамийн, хӏаваэхь жима кӏайн марха санна гучу а болуш!
2005шо.