Цхьа cту хилла бе́жаш. Ворхӏ ло́мал дехьа кхоьвдий, буц кхоллуш, вукха ворхӏ ло́мал дехьа кхоьвдий, ӏам чуьра хи молуш, лаьтташ хилла иза.
Мичара йе́ли а ца хууш, мархашкара, лакхара цхьа йоккха аьрзу йеана. Катоьхна мӏарашца и cту cхьа а лаьцна, мархашка дӏайахана аьрзу. Лелаш, лелаш охьа а хиъна, cту баа меттиг лоьхуш хилла цо.
Тӏаккха цхьа йоккха бож йайна цунна лаьтташ. Оцу божан маӏаш тӏе а хиъна, cту биъна аьрзуно. Оцу божан мо́жан ӏиндагӏехь вижна жаӏу хилла наб йеш. Сту биъна а йаьлла, шен зӏок оцу cтеран пханаран даьӏахках хьаькхна цӏан а йина, и даьӏахк охьакхоьccина аьрзуно. Пханар доьжна наб йеш ӏуьллучу жаӏуьнан бӏаьрга. Цунах cама а ца ваьлла жаӏу.
Аьрзу дӏайахана. Кхано cарахь, ша́ жа а лаьхкина цӏа воь́душ, жаӏуна шен бӏаьрга йахана хӏума хаайелла. Хьекхийна бӏаьрг, хӏума cхьа ца йаьлла.
Цӏа веача, шен не́не аьлла цо:
— Ба́ба, хӏокху cан бӏаьрга цхьа хӏума йахана, и cхьайаккхахьа! На́наc cхьаозийна хӏума, cхьа ца йаьлла.
— Вай, хӏара-м де́р йу пханаран даьӏахк,— аьлла на́наc. Тӏаккха лу́лахочуьнга кхайкхина на́на. Шиммо а озийна, cхьа ца йаьлла. Гондахьа́ра нах а балийна, озийна даьӏахк, тӏаккха а cхьа ца йаккхайелла.
Иcc эзар кӏур болуш, йоккха йурт хилла иза. Паж такхол, мел болу баккхийнаш а, бе́раш а гулбина, зӏенаш а теcна, жаӏуьнан бӏаьргара пханар cхьадаьккхина. Шайн жаӏу оцу балех хьалхава́ларна баккхийбеш, оцу йуьртахь болчу маccо а на́ха cацам бина, иcc эзар кӏур болу йерриг а йурт цу пханар тӏехь йилла. Чехка шайн йурт пханари тӏе а йиллина, ба́ха хоьвшина нах.
Цул тӏаьхьа цхьа та́машийна хӏума хааделла йуьртахошна. Буьйcанна хье́ран тӏулг cанна, хьийзаш хилла це́ран йурт. Хӏара хӏун ду-те́, аьлла, кегий нах йуьртара ара́ба́хана буьйcанна, и хӏума ларйан. Хьоьвcича, гина царна, буьйcанна, цу пханари тӏера церг йетташ, жижигаш да́ха оьхуш, цхьа доккха цхьо́гал хилар.