На́нас сахиллалца дов дора йоӏана,
На́нас сахиллалца йоӏ чехайора.
Ткъа а́рахь доьлхура гуьйренан догӏанаш,
Хетарехь, ца́ра а къинхетам ца бора
Дахкаро хьулдина дайначу седарчийн,
Урамехь кхерстачу цхьалхачу илланчин...
М а кӏезга дар-кха уьш : на́хана хетаршший,
Ду на́нна моьттуршший, кху йуьртахь хилларшший.
Ма кӏезга дар-кха уьш доккхачу дагна!
Дуьххьара ше́н ирсах тешначу дагна!
Цӏеххьана са а́кха даьллачу дагна,
Луучу бӏаьрхишца мохь тоьхна а́ла,
Сел къиза садетта ницкъ бо́цуш кхии:
"Кӏайн говр йу бехкениг, кӏайн говр йу, на́на!
Сирла са хиллалца терсийца и!"
Сан тахна э́шаран денош ду доттагӏа
Толамаш кха́ненгахь бисна.
Йуха а сайн кхоллам кхожа тӏе хӏоттабан
Масийтта ӏа́лашо йисна.
Цӏеначу дагара йуха а вирзина,
Дог ӏабош цкъа велавала,
Вистхуьлуш: «Гой шуна, сан чевнаш йирзина?»
Доллучу къинойх цӏанвала.
Ткъа тӏаккха, са доцчу, кӏезгачу на́хана
Гечдина, веза стаг хилла.
Керла йукъ йихкина керлачу да́харна,
Доладан кхин керла илли.
Сан дин бу терсашберг, некъана гечдина,
Къо́балдеш да́харан туьйра.
Сайн не́нан пурбанца шеда кхаж кечбина,
Хуур ву со цуьнан нуьйра.
Со ва́гӏахь во́гӏур ву, со висахь вуьсур ву,
Бӏешерех чекхваьлла ваьлча,
Жимачу йуьртара мехкарий хьуьйсур бу
Со ва́ре, хан-за́ма йаьлча.
Вовш хилахь, вовр ву со, седанах кхерстина,
Туьйш хилахь, — хӏолламах туьйр ву.
Сан дин а бо́гӏур бу, ӏуьйренца терсина,
Дохьуш ас йаздина туьйра.
Ахь тӏаккха дешалахь, цхьа могӏа биц ца беш,
Во́цучу доттагӏчуьн да́хар,
Адамийн бӏаьрхишца тӏадамаш хӏиттадеш,
Дерзийна хӏо́ра а дакъа.
Дешна хьо ваьлча, ахь и дин дӏахецалахь
Къонахий лелачу новкъа.
Сох бисна шедан кхаж хьайн кара е́цалахь,
Хьан куьйгахь — сан куьйга йовхо...
Сан тахна э́шаран денош ду, доттагӏа,
Делахь а со чӏо́гӏа тешна,
Тӏаьххьара кхолламна йуьхь-дуьхьал хӏотталца,
Ца къаьстий тоьлларг йа эшнарг.