Вахит Хаджимурадов
Йоккха йара, дукха хьал долуш йехаш йара цхьа пачхьалкх. Чӏогӏа ницкъала дара оцу пачхьалкхахь эскар, дукха хьекъал долуш бара баккхийнарш, гӏиллакхен бара кегийнарш. Амма цхьа хӏума дара оцу пачхьалкхехь цатоам болуш, «декъазчунна ден цӏера догӏу» — олуш хуьлу, иштта вара оцу пачхьалкхехь куьйгалла деш волу паччахь. Хӏумана карахдолуш вацара и, шен дикчу дас шена йитина пачхьалкх «хӏора-пака» йаьккхина ваьллера и шен ледарлонца. Набарна а, шен самукъадаккхарна а чӏогӏа тӏера вара и паччахь, цундела цуьнан хьадалчаш хуьлура, шайн паччахь делкъалтӏехьа самавалале, цуьнан самукъа даккха хӏума лохуш. Цхьана малх кхеттачу хазачу дийнахь кхеташоне вовшахкхеттера паччахьан лайш, амма дагадогӏуш дацара цхьа а «шайна тӏевиллинчун» самукъадаккха хӏума.
— Суна хаьа вайн паччахьан самукъадоккхур долу хӏума! Вай схьагулбийр бу вайн пачхьалкхехула дуьйладелла хаза мел болу мехкарий. Вай цаьрга дойтур ду вайн паччахьан хьашарахь майдана тӏехь хаза хелхарш, лоькхийтур йу и хаза эшарш! – бохура коьртачу паччахьан хьадалчас.
— Хӏан-хӏа, и мехкарий-м вайн паччахьана кӏордийнера хӏора дийнахь шена хелхарш деш, шен самукъадоккхуш! – тӏе ца тайра паччахьан шолгӏа хьадалча.
— Ткъа хӏун да деза вай? Вайн веза-воккха паччахь самаваьлча цунна самукъа даккха хӏума ца хилахь, вайна хӏара дуьне гаттадийра ду-кх оцу вайн паччахьо!— велхан къурдаш а деш, чуьравелира кхоалгӏа паччахьан хьадалча.
— Суна хаьа хӏун дан деза! Вайн пачхьалкхехь уггар а воккхачу стаге хатта деза вай! – элира хьалхарчу паччахьан хьадалчас.
Паччахьан хьадалчийн хьадалчаша ког лаьттах ца кхетийтуш сиха валийра пачхьалкхехь уггар а воккха волу стаг. Сихонца хаьттира цара, хӏун дан деза а.
— Дера ца хаьа суна-м, шу дац паччахьа леррина алапа а луш лелош оцу гӏуллакхана? – цецвелира воккха стаг, шен йехачу кайнчу можа тӏе куьйг а хьокхуш.
— Тхуна хуург кхачийна, хӏинца ахьа тхуна гӏо ца дахь, оха тхайн хьадалчашка корта «тӏера схьаоьцийтур» бу хьан! – кхерамаш тесира паччахьан хьадалчаша воккхачу стагана.
— Дера корта-м къанбелла а, тишбелла а мехалера баьллера сан, аша и кхерамаш-м эрна туьйсуш бу суна, — жоп делира майрачу воккхачу стага.