ПХОЬАЛГӏА ХЬАДИ́С
Ибн Масӏу́да (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Алла́хӏан Жайнара (Къуръа́нара) цхьа элп дешначунна цхьа дика дар дӏайаздо, ткъа (хӏо́ра) диканан йал уьттазза сов йоккхуш йу. Аса ца бо́ху шуна, «Алиф, Ла́м, Ми́м» цхьа элп ду. Хӏан-хӏа, «Алиф» - ша́ элп ду, «Ла́м» - ша́ элп ду, ткъа «Ми́м» - ша́ элп ду» (Тирмизи: (2912), цо аьлла хӏара «хьасан, сахьи́хь» шина даржехь хьади́с ду).
ЙОЛХАЛГӏА ХЬАДИ́С
ӏайшата (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Хаза, говзза Къуръа́н доьшуш верг – дикачу, муьтӏахьчу ге́ланчашца* хир ву, ткъа Къуръа́н тийсалуш, халла доьшучунна – ши йал хир йу» (Буха́ри: (4937), Муслим: (798)).
* ге́ланчашца: Да́лла муьтӏахь мали́каш ду уьш, Де́лера хаамашца элчанашна тӏе дуьссуш долун де́ла аьлла царех ге́ланчаш.