ЦХЬАЙТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Му́са́ ал-Ашӏарис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Къуръа́н кест-кеста (да́има а) деша, хӏунда аьлча аса дуй ма буу Мухьаммадан са Шен карахь долучух, боккъалла а, карара чехка долуш ма ду и – шен барголах хецайелла эмкал санна» (Буха́ри: (5033), Муслим: (791)).
ШИЙТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Ибн ӏумара (Алла́хӏ ре́за хуьлда цаьршинна) дийцина, Алла́хӏан элчано (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Боккъалла а, Къуръа́н дагахь хууш волу стаг шайн когех барголаш тоьхна эмкалш йолучух тера ву: нагахь цо уьш гуттар а оцу хьо́лехь латтайахь - (шен) карахь латтор йу цо уьш, амма нагахь цо уьш (когаш а даьстина) дӏахецахь - йовдур йу уьш» (Буха́ри: (5031), Муслим: (782)).
КХОЙТТАЛГӏА ХЬАДИ́С
Абу́ Масӏу́д ал-Бадрис (Алла́хӏ ре́за хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Алла́хӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) э́лира аьлла: «Буса «Бакъарат» су́ратан тӏаьххьара долу ши айат дешначунна – и шиъ тоам болуш* хир ду цунна» (Буха́ри: 5009, Муслим: 808).
* Массо а вонех уьш дешнарг ларван тоьаш ду и ши айат, йа оцу буса ла́маз дан гӏаттаран метта хила тоьаш а ду.