Борз а, къе́на ка а.
Жа йуккъе́ра нацкъар а баь́лла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши ӏа́хар. Жа ге́на даь́лча, уьш тергалдеш ӏаш йолчу мецачу борзо, а́ра а иккхина, ши ӏа́хар схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха цӏий тӏе а мелла, хьун луьста йолчу дӏатаӏа йоь́душ хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай тӏехь бе́жаш цхьа къе́на ка гина цунна. Цунна тӏе а йахана, барзо аьлла:
Борз
— Хӏеее, ка, хӏара бай сан буйла ца хаьа хьу́на, кхузахь ба́жа бакъо хьан йелла хьу́на?
Ка
— Хӏара бай хьан бац, сан жаӏун бу, — меллаша жоп делира кано.
Борз
— Хьо харц лоь! — чуьрайаьлла мохь хьаькхира барзо. — Хьан жаӏу дуьнен тӏе а ва́лаза вара, хӏара бай сан до́лахь болуш.
Ка
— И бакъ дац, — сих а ца луш, йуха а меллаша э́лира кано. — Су́на дика хаьа хӏара бай сан жаӏун буй!
Дукха оьгӏазйаханчу барзана бӏаьрга цӏий хьоьвзира, катоьхна и бел, делахь а, ша йуьзина йолу де́ла, и а ца деш, мохь-цӏогӏа а тоьхна, ӏадӏийра борз, кха́нналц буьтур аса хӏара, ткъа кха́на, со мацйелча, бе а бийна, буур бу, аьлла, сацам бира цо.
Борз
— Вайшимма хӏун дийр дуй, ка, — э́лира барзо, — Вайшиммо къийсарх, цкъа а къаьстар дац, хӏара бай хье́нан бу: ахьа и жаӏун бу, бо́хур ду, аса и сайн бу, бо́хур ду, цулла а кха́на ӏуьйранна кхуззахь вовшах а кхетта, хьуьллахь йолчу коьллашна уллохь и бай шен бу, аьлла, дуй биинчуьннан, хир бу-кх и. Ре́за буй хьо?
Ка
— Ре́за бу, — меллаша жоп делира кано.
Тӏаккха и шиъ дӏасакъаьстира: борз хьуьнах йахара, ткъа ка шен э́вла дӏабахара.
Сатосуш, шеца доккха жан- жӏаьла а да́лош, схьабеъна ка. Жӏаьла коьллаш йукъа дӏалечкъина, ткъа ка кхуззахь ба́жа хӏоьттина.
Барзана хьуьнахара а́райаьлча, бе́жаш ка гина, цуьнан дог ловзадаьлла тӏаккха.
Борз
— Хӏинца-м дийнна кӏиранах йуьзина лелар йара со, — аь́лла, бай тӏе йедда борз.
Мичара де́ли ца хууш, барзана дуьхьал цхьо́гал даь́лла.
Цхьо́гал
— Марша йо́гӏийла, борз! Хьо стенга йоьду сел сихйелла? — хаь́ттина цхьо́гало.
Борз
— Маршалла хуьлда, цхьо́гал, со-м бай болчу йоьдура, — аьлла, ма дарра дӏадийцина барзо, ша сийсара каца къовсарх лаьцна.