Цхьа ког коьллаш йукъа а бахийтина, барзо «ас дуй буу» оллушехь, цу йуккъера доккха жан-жӏаьла схьаиккхира, цо, борз схьа а лаьцна, дӏа́сайетта йолийра. Хала Де́ла ба́лица жӏаьлин багара а йаьлла, йедда кӏелхьарайе́лира борз. Ткъа цхьо́гал-м, тоххарехь лекхачу гу тӏе а даьлла, цигара барзе мохь бетташ дара:
Цхьо́гал
— Аса ца бе́хира хьоьга, борз, къе́ра дуй ма баа?! Ла ца дуьйгӏира ахьа соьга, цунде́ла хьу́на хила деззарг хили-кх!