Цхьана хьуьнхахь йе́хаш ӏаш черчий йара: да́-ча, на́на-ча, це́ран кхиънайо́гӏу ши чайтаӏ а.
Доккхачу диттан о́рамаш кӏеллахь йиначу йовхачу хӏусамехь ловзуш ӏа́ра кӏорнеш.
Цхьана дийнахь, ши чайтаӏ цӏахь а йитина, да́-на́на ге́на хьуьнха дахара дечиг кечдан. Наб йан кӏордийча, хьала а гӏеттина, стоьла тӏехь дитина моза а диъна, ге́надоцчу ирзу тӏе ловза йаха дагадеара чайтаӏашна.
А́рахь малх хьаьжна довха де дара. Генна дӏахезара олхазарийн зевне э́шарш.
Цкъа лечкъаргех ловзуш, тӏаккха уьдуш, дитташ тӏе йуьйлуш, дукха левзина,
Кӏадйелла, цӏа йеара и шиъ.
Ловза йоьдуш йиллина йитина неӏ дӏакъевлина карийча, цецйаьллачу цушимма:
- Хӏей, мила ву тхан чохь верг? – аьлла, мохь туьйхира.
Дуьхьал жоп ца делира. Тӏаккха неӏаран херонах чухьаьжначу цаьршинна гира маьнги тӏехь йижна ӏаш йолу йоккха борз.
Жима ши кӏорни а́рахь ловзуш лелачу хе́нахь, хьуьнхахула зе́загаш хьоьшуш, хиш бехдеш, диттин гаьннаш кегдеш, вон мел дерг деш йо́гӏучу барзана неӏ чӏагӏаза йитина хӏусам гира. Цу чохь стол а, стоьла тӏехь лаьтташ моз чохь кхаба а гича, гӏадйахна, йуззалц моз диъна йаьлча, стоьла тӏера пхье́гӏаш, гӏанташ кегдеш, вон а лелла, неӏарна чухула чӏуга тесна, мотт дӏабаккхаза болчу маьнги тӏе хьала а йаьлла, борз дӏайижира.
Йуьзна, наб чӏо́гӏа кхеттачу барзана, чайтаӏаша бетта мохь ца хезаш, дикка хан йе́лира. Цкъа мацца а, самайаьлла, шега, неӏ дӏайеллар доьхуш, мохь бетташ хезча, и дӏайелла сих ца луш:
- Хӏара хӏусам сан йу. Со кху чохь ӏен дагахь йу, шу сихха дӏагӏолаш кхузара, - аьлла, кӏоршаме йистхилира набарха йа́лаза йолу борз.
Че́нан кӏорнеш, йелха а йоьлхуш, хьуьнха шайн да́-на́на йахара.
Хӏара шиъ дукха ге́на йа́лале кхушинна дуьхьалкхийтира дечиг а, мерза хьуьнцӏа́замаш а дохьуш цӏа до́гӏу дай, на́ний.
- Хӏунда йоьлху? Хӏун хилла шуна? – хаьттира да́с
- Уохьакхетта, лаза-м ца йина? – хаьттира на́нас.
Тӏаккха шайна барзо динарг дӏадийцира кӏорнеша.
Цӏа ма-кхеччи, да́с-чано, йоккха гӏаж схьа а эцна, хьун мел йу оьгӏазе мохь туьйхира:
- Борз, дукха сиха а́райа́ла тхан хӏусамера!
Кхерайелла борз, неӏ схьа а йиллина, маьнги кӏел йахана, дӏалечкъира.