Тешна дара Ӏабдулин мӏерана тӏе тасабелларг дикка боккха чӏа́ра хилар. Ӏабдулин букъатӏехьаша мӏарин гӏу́ркх схьало́цуш гӏо дира воккха да́дас. Кестта шиммо а говза мӏара хьалаозийна бердана бе́ца тӏе хьала баьккхира мел кӏезига а кийла хир болуш чӏа́ра. Мӏеран чӏагарна тӏера сиха схьабаьккхира воккха да́дас чӏа́ра. Бе́цан йуккъехула кхийсалора чӏа́ра, бетталора хина тӏекха́ча гӏерташ. Кант цецваьлла хьожуш вара. Цунна ше́н да́харехь дуьххьара гуш дара хӏара тайпана сурт. Цо-м ше́н жима куьйгаш цкъа, шозза тӏедехьара цицигана санна чӏе́рана букътӏе хьакха дагахь. Амма чӏа́ра кхин а чӏо́гӏа карзаха бо́лура. Эххар а чӏа́ра дӏатийра, и кӏадбелле́ра, ницкъа кха́чийне́ра. Гӏийла ше́н горга бага гӏитточуьра-м ца сацадора цо. Кӏантана-м тарделле́ра и меца бу, цунде́ла гӏийттайо цо бага. Бепига цуьрг йала а гӏоьртира и.
— Воккха да́да, меца буй и? Бага ма гӏийтайо цо, меца болуш санна? — хаьттира Ӏабдуллас.
— Йург лоьхуш тӏе нийсабелла хӏара чӏа́ра вайн мӏеран чӏагарна буьххье. Амма бага гӏетторан бахьана кхинарг ду цуьнан.
— Хӏун бахьана ду и, воккха да́да?
— Чӏераша адмаша санна хӏавааца ца доьӏу са, — ша́ са му́ха доьӏу гайтира да́дас. Чӏераша хи бухахь доьӏу са, — кхетавира цо кӏант.
— И му́ха? Хин бухахь. Хӏаваъ ма дац!
— Иштта Да́ла кхоьллина-кх уьш.
Кӏант ойла йеш вара, ше́н дуьненахь уггаре коьрта ойла!
— Хӏинца цуьнга са ца деӏало?
— Ца деӏало. Вай и чӏа́ра цӏа а бехьна, цӏан а бина кхорзура бу. И-м цхьа йалгӏо дуьззина хир бу, — э́лира воккха да́дас кӏанте́.
Ше́н да́харехь коьртаниг хаттар дира жимчу кӏанта:
— Воккха да́да и чӏа́ра лийр буй тӏаккха?
Хӏинца кхийтира воккха стаг, кӏанта йеш йолчу ойланах. Хӏинца хӏокху миноте́хь кхоллалуш дара кӏентан дог, ойла, стогалла, дикалла, цунах хӏокху дуьненахь му́ха стаг хир ву, къонах хир ву, йа вац!
— Лийр бу де́ра и чӏа́ра, — кӏентан кхоолла йинчу йуьхье а хьожуш э́лира воккха да́дас.
Ӏабдуллин дагчохь боьдуш къийсам бара, оцу къийсамо къастор долуш дара — дика йа, вон цо къастор долуш дара хӏокху дуьненчохь ша́ латтор болчу къийсамехь, ша́ хоржура болу некъ: нийсо йа харцо!