Тхьуздоьлла а, йа пхенаш ийзош а дац дегӀ, ницкъ хӀинца а мелла болуш бу. И бай иза-м багахь мӀара берг. Амма бакъ ЧӀара-м ву, ца го хьуна цуьнан вар! Бат тело дика лаьцначух тера ду цуьнан. Дависа, цунах цкъа бӀаьргтоха, соьца къийсалург мила ву хаа». Седарчашца хьесап дича, буьйсанан йохалла кхин шен болар а йа ша лаьцна боьду агӀо а ца хийцира чӀеро. Малх чубуьзча, шелъелира, воккхачу стеган букъ, когаш, куьйгаш а дӀалаьцна тоьхна даьлла хьацар шелоно дакъийра. Кхоллурш чохь йолчу йаьшкина тӀетесна гали, дакъадалийта, охьатеснера цо дийнахь. Малх дӀабуьзча, иза схьа а эцна, шен логах а хьарчош, меллаша, ларлуш, букъа тӀехьахула лаьцначу лескина буха а тоттуш, охьадаийтира. Миндаро санна, мелла а дайдира цо воккхачу стагана лескано белш этӀош детта лазар, цундела хӀинца-м ша паргӀатваьлча санна хийтира цунна, жимма хьалха а таьӀна садаӀа а мегар долуш. Ма дарра аьлча-м, хьал, жиммал хийцам хилар бен, кхин тоьлаш а дацара, амма цо ша-шен тевора, хӀинца-м ша паргӀатваьлла бохуш.
«Сан цунна а йа цуьнан суна а дан хӀума дац, ойла йора цо. — Иштта иза мел бу-м, хьала-охьа а».
Цкъа хьала а гӀаьттина хьатӀ тийлира цо гӀикхан агӀон тӀехула, тӀаккха седарчашка бӀаьрг а тоьхна, ша воьдучу агӀонан хьесап дира. Лескин бахтар кхуьнан белш тӀера дӀа, лепаш сиз а хилла, хи чохь къайла долура. ХӀинца мелла а гӀийла богӀура хӀорш. Гаванан лепа нур а гӀийла гора хӀинца, иза хӀорш хиидаро малхбалехьа кхехьаран билгало йара.
«Нагахь Гаванин серлонаш гучуьра йовлахь, тхо малхбалехьа доьлхуш хила дезаш ду-кх, — дагадеара цунна. — ЧӀара хӀокху боларца дӀабодахь, кхин а масех сохьтехь гуш хир йу иза. Ванах, таханлера бейсболан ловзар чекх муха даьлла-те? Радио йелхьара, мел дика хир дара. Виц ма ло, хӀей, — дагатесира цунна. — Хьо мичахь-хӀун деш ву, дагахь дита даима. Цхьа а Ӏовдал хӀума далийта йиш йац хьан».
— Дависа, кӀант велара соьца хӀинца кхузахь, гӀодан а, хӀара дерриг ган а, — элира цо.
«Ша цхьана ма вуьсийла-кх стаг, къанвелча, ойла йора цо. — Амма тӀе-м догӀу иза. Виц а ца луш, и бисина тунец баа беза ас, дегӀехь ницкъ латто, иза пунч хилале. Безахь а, ца безахь а, Ӏуьйрана и баа дагадаийта деза ас сайна. Варий, диц ма делахь», — элира цо ша-шега.