Ма-хуьллу гӀора лардан деза ас сайн. Ва Дела, иза иштта боккха хир бу хьанна моьттура!
— Мел боккха иза белахь а, мел сийлахь белахь а, иза эшор-м бу хьуна ас, — элира цо.
«Нийсо хӀара йацахь а, — ойла йора цо, — ас хоуьйтур ду хьуна цунна, адамо хӀун до а, адамо хӀун лов а».
— Ас кӀанте ма элира, со цхьа ша-тайпа воккха стаг ву аьлла. ХӀинца хан кхаьчна-кх хьуна иза дӀагайта.
Маситта эзарза цо иза гайтина хилар, дӀадахана, дӀадаьллера. Тахана иза йуха а тӀечӀагӀдан оьшура. ХӀора а къовсавалар тӀаьххьара а долуш санна хуьлура цуьнан, цундела, хилларш диц а дой, догдуьллий тасалора иза хӀора а муьрехь.
«Дависа, наб муха кхетар йацара цунна, тӀаккха ас а цхьажимма наб йийр ма йара, сайн гӀенаха лоьмаш а гуш, — ойла йора цо. — Ванах, кху дахарехь суна дисначух уггар тоьлларг гӀенах лоьмаш гар ду-кх!? Дукха ойлане ма вала, воккха стаг, — элира цо ша-шега. — Аннех дӀа а товжий, аьтто баьллачура, садаӀа, ойланаш а йитий. Иза цкъачунна къахьоьгуш боллу. Ахь хьайн ма-хуьллу садаӀа».
Сатосуш доллура, гӀикх цхьанаэшшара догӀура. Малхбалера гӀийла гӀаьттинчу мохо гӀикх мелла а дӀатоьттура. Тийначу хӀорда чохь гӀикх паргӀат техкара, воккхачу стеган белш тӀехула кхоьссина леска мал а йина, цуьнан лазар дайдеш.
Ӏуьйре хуьлуш леска йуха а хьалаэха йуьйлира. Амма чӀара, жимма хьала а баьлла, кхин шен болар а ца хуьйцуш, дӀабоьдура. Малх воккхачу стеган аьрру агӀо лаьцна къегара — чӀара къилбседехьа бирзина хиларан билгало йара иза.
ЧӀара шена цкъа гина хиларе терра, хи бухахула богӀучу цуьнан сурт хӀоттадора цо дагахь, некха тӀера детин пелагаш, тӀемаш санна, даржа а дина, ирачу цӀоганца бода а этӀош, богӀуш. «Ванах, оццул кӀоргачу оцу бухахь са дика гой-те цунна? дагадеара цунна. — Цуьнан бӀаьргаш баккхий-м бу, ур-атталла говранна а са дика го-кх боданехь, бӀаьргаш цуьнчарел дуккха а кегий доллушехь. Хьалха-м суна а дика гора хьуна боданехь. Къорачу боданехь-м ца гора дера. — Амма, хӀетте а, ша и цицигна бохург санна, дика-м гора».
Малхо а, кхо даимна хьедечу пӀелгаша а аьрру куьг кхоччуш меттадалийнера хӀинца, цундела лескин йозалла мелла а цунна тӀейиллира цо, лозу букъ жимма паргӀат а боккхуш.
«Нагахь хьо кӀад ца веллехь, ЧӀара, вайн десара, хьо онда-м ву хьуна».