Селханлера газет хилар моттаргӀа йу-йац, ца хаьара кӀантана. Амма воккхачу стага маьнги кӀелара схьайийцира иза.
— Перикас делла суна хӀара, bodega¹ вахча, — элира цо.
— Сардинаш схьа ма-ийцци, йухавогӀур ву со. Хьайнаш а, сайнаш а цхьаьний шана йуккъахь латтор бу ас, тӀаккха Ӏуьйранна боькъур бу вайшимма. Со йухавеъча, бейсболах лаьцна дуьйцур ахь суна.
— «Янкиш» оьшийла дац.
— Делахь а, Кливлендера «Индианех»² тешам бац.
— «Янкех» теша хьо, жима къонах. Буьрса Ди-Маго³ дагавайитахьа.
— Детройтера «Тигрех» а, Кливлендера «Индианех» а кхерам боккха бу аьлла, хета суна.
— Варийлахь, хьо иштта хилахь, кестта Цинциннатера «Редех» а, Чикагора «Вайт Соксех» а кхеравала там бу хьо-м.
— Ахь цкъа хӀинца деша, тӀаккха, со схьавеъча, суна дуьйцур ахь.
— Вайшимма дезткъе пхиъ терахь тоьхна лотерей эцча, муха хета хьуна? Кхана дезткъе йалхолгӀа де ма дуй.
— Мегаш ду-кх иза а, — элира кӀанта. — Делахь а, дезткъе ворхӀ муха хета хьуна хьан уггар гена йаьлла рекорд?
— Шозза цхьатера нислойла дац. Дезткъе пхиъ дерг карор йу аьлла, хетий хьуна?
— Цхьаъ-м заказ йан а мегар дара.
— Цхьаъ ша. Цунах шиъ-ах доллар дер ду. Хьаьнгара доккхур ду вай?
— Иза-м хала дац. Шиъ-ах доллар-м ас мичча хенахь доккхур ду.
— Даккха-м ас а даккха там бара, делахь а, декхар даккхар ца деза суна. Цкъа хьалха — декхар, тӀаккха — дехар хуьлу цунах.
— Шел ма лолахь, — элира кӀанта. — Вайна тӀебеънарг сентйабрь бу хьуна.
— Даккхий чӀерий догӀу бутт, — жоп делира воккхачу стага. — Майхь-м чӀара хьаьана а лоцур бар.
— Со хӀинца сардинаш бан воьду.
КӀант йухавеъча, малх дӀабузнера, воккха стаг гӀанта тӀехь наб кхетта Ӏара. КӀанта, маьнги тӀера тиша салтийн йургӀа схьа а эцна, гӀанта тӀехула воккхачу стагана тӀе тесира, цуьнан белшаш а хьулъеш. Тамашийна белшаш йара уьш хӀинца а андий, шаьш къена йелахь а. Ворта а йара онда, набаро хьалха божийначу коьрто ворта тӀера хебарш жимма шардинера, вортин оьмаре лаьцна дерг хьулдеш. Коч а, гата санна, массо меттехь йоманаш летийна йара, малхо дукха йеттина, оцу йоманийн тайп-тайпа беснаш дайнера. Корта дукха къена бара воккхачу стаган, хӀинца бӀаьргаш хьаббийна болуш, йуьхь чохь са дан дацара.
¹ Bodega — цхьана меттиган цӀе.
² Индиана — бейсболах ловзучу тобанийн цӀерц.
³ Ди-Маго — гӀаравалла бейсболах ловзархо.