— Цхьа кетар йойтуш воллура со, Вуьсин мекхан чо ца хилча, цӏоканех ма́ха ца лета, цуьнан не́нан Селасатан тукар ца хилча, йара а ца ло, уьш эшна а́раваьлле́ра со, — аьлла.
Вуьсус шен жимах волчу веше аьлла:
— Хьадал, гӏой, Вайн не́не а́лал, кхо бо́хург, цо хӏун о́лу хьажал!
Ваханчу кӏанта, Вуьсус ма аллара, шайн не́не дӏааьлла, наьрт-орстхочо бо́хург.
Селасата жоп делла:
— Хаьнг-хьаьнга а меркӏелхьара чоьш дохуьйтуш хиллехьа́ра, сан кӏентан мекхаш а хир да́цара, дех-дехначуьнга луш хиллехьа́ра, сан тукаран гаьннаш артделла а хир дара, бо́ху, а́ла цуьнга, — аьлла, кӏант йухаваийтина.
Дехьа чу а вахана, кӏанта иза, наьрт-орстхо а волуш, дӏааьлла. Царна чӏо́гӏа оьгӏаз а вахана, дарвеллачу наьрт-орстхочо Вуьсига аьлла:
— Тахана дуьйна ворхӏ де даьлча, дӏо́ басарчу бай тӏе сох лата вола, со цигахь вижина хир ву хьу́на.
Иза а аьлла, цӏа а вахана, ворхӏ вешин йиша, шен зуда а эцна, цу бай тӏе охьавижна иза, ворхӏалгӏачу дийнахь ша́ самаваккха а аьлла.
Цо йиллина хан кхаччалц, ӏа а ца велла, кхо де ма деллинехь, йиллинчу метте вахана Вуьсу. Вижина ӏуьллу наьрт-орстхо гича, цунна уллохь йижина ӏуьллучу ворхӏ вешин йише, наьрт-орстхо самаваьлча, ша́ самаваккха а аьлла, цунна улло, бай тӏе охьавижина Вуьсу.
Ворхӏалгӏачу дийнахь самаваьллачу наьрт-орстхочунна шена уллохь дижина ӏуьллуш цхьа адам гина. Цунах цецваьллачу кхо, йоӏе хаьттина:
— Xӏapa мила ву? — аьлла.
Йоӏа, Тинин Вуьсу ву, аьлла, жоп делла.
Шена улло́ а веана, паргӏат охьавижа ваьхьначу Вуьсел ша́ тоьлур вац, аьлла, кхеравелла наьрт-орстхо, хьалаиккхина ведда.
Йоӏа сихха самаваьккхина Вуьсу. Дӏа тӏаьхьа хьаьддачу Вуьсус, шен зилбухар-тур а диттина, вийна наьрт-орстхо.
Иза вен а вийна, йоӏе:
— Tӏe адам деъча, ша́ самаваккхалахь, — аьлла, йуха а охьавижна Вуьсу. Вуьсу дӏавижина дукха хан йа́лале, веана, йоӏе:
— Хьуьллахула замой гучубоьвлча, ша́ самаваккхалахь, — аьлла, кӏора санна ӏаьржа цхьа стаг вижна Вуьсина улло́.
Мацца а самаваьллачу Вуьсина шена ге́на во́цуш вижина ӏуьллуш стаг гина. Ша́ ларвеш ӏачу ворхӏ вешин йише хаьттина Вуьсус: