Вуьсин шина зудчо, э́лан йоӏа, Эжий, Тезий цӏераш йолуш ши кӏант вина, ткъа гӏарбаша ӏаьлбиг цӏе йолу кӏант вина. ӏаьлбиг дегӏана эгӏаза а, астагӏа а хилла бо́ху. Де́на къахеташ хилла цунах.
Хан за́ма йаьлча, Вуьсу воккха хилла. Ша́ дийна воллушехь, шен кӏентий, цхьаццанхьа меттигаш а лаьцна, ба́ха ховшийна цо.
Воккхах волу кӏант, Эжа, Цонтарахь витина. Теза, хӏинца — Тезакхаьлла йолчу хаийна, ткъа ӏаьлбиг, Эжиний, Тезиний йуккъе ва́ха хаийна, хӏинца ӏаьлбиг-эвла о́лучу метте́. Иза кхе́чу на́нас вина хиларна, цунах къинхетам беш.