— Со-м во́гӏур вац, жа-м дуьгуьйтур ду ас, — аьлла, жоп делира Гӏе́заман Ӏе́лас.
Жа а лаьллина, уьш дӏабахара. Цул тӏаьхьа уьш гучуьра дӏа а бовлийтина, шен говрана нуьйр а тиллина, Гӏе́заман Ӏе́ла хаьхкина цӏа вахара. Пхьоьханахь хиъна ӏаш волчу шен де́га э́лира цо:
— Да́да, хьо цӏа ва́гӏахь ара, хьоьца гӏуллакх дара сан.
Да́ цӏа ца веара. Не́не э́лира цо, наьрташа́ жа а дигна, цӏа веана со, кхузткъе кхо пха кечбе су́на, аьлла. Ткъа ша́ секхаӏад кечдан волавелира иза. На́нас тӏаккха хьехар дира цунна:
— Схьавоьл, хӏума кхаллал, цкъа кхаьллина йуург ткъаннан метта йу хьу́на, шозза кхаьллинарг — шовзткъаннан метта йу хьу́на, кхузза кхаьллинарг — кхузткъаннан метта йу хьу́на, аьлла.
Логал чоьхьа йо́луш, ца йо́луш кхузза хӏума а кхаьллина, иза царна тӏаьхьа ваха кечвелира. На́нас э́лира цуьнга:
— Хьо йуьртара дуьйна чехка водахь, тӏаьхьа а кхиъна, кхера а велла, цӏа веънарг хир ву хьо, йуьртах а́раваллалц, меллаша водахь, йуьртара дуьйна меллаша вахара иза, тӏаьхьакхиина хир вац, э́р ду хьу́на.
Йуьртах валлалц, меллаша а вахана, тӏаьхьа шен говр дӏаэккхийтира цо. Вухахьаьжначу уггаре а осалчу наьртана гира дӏадетташ долу суйнаш. Наьрто хаьттира ша́йн коьртачу наьрте́:
— И йо́гӏу цӏераш, хӏун цӏераш йу? — аьлла.
— Гӏе́заман ӏе́лин говран бергаша туьйсуьйтуш суйнаш ду уьш ла́манах дӏадетталуш дерш.
— И дӏадетташ долу дохкк, хӏун дохкк ду?
— Гӏе́заман ӏе́лин говран мерӏуьргах схьадетта дохкк ду иза, — аьлла, жоп делла наьрто.
— Жа дӏа а тасий, довда вай? — аьлла, йуха а хаттар дира цо.
— Довда мегар дац, цӏа кхаьчча, Туллам-Огӏос дойур ду вай, кхузахь соьвцча, Пезаман Ӏе́лас дойур ду вай, — аьлла, жоп делира наьрто.
Тӏаьхьакхиъначу Гӏе́заман Ӏе́лас кхузткъе кхо пха тоьхна, кхузткъе кхо наьрт вийра, шен жа схьа а даьккхина, шен гӏотанера хӏумнаш схьа а эцна, шен да́ ве́хачу меттиге, цӏа вахара Гӏе́заман Ӏе́ла. Цӏа кхаьчча, Гӏе́заман Ӏе́лас шен де́га э́лира:
— А́рахь воьвзина чӏо́гӏа гергара стаг вара сан, Туллам-Огӏо бо́хуш, цига ваха пурба лахьа́ра ахь.
Цуьнан де́харна жоп а делла, да́с иза новкъа ваьккхира, Туллам-Огӏо волчу вахийта.