— Схьахетарехь, жулар кӏезга йу,
И дин-бекъа дукха аьрха йу,
Гаьллаш оьшу иза карайерзо, —
Иштта ойла йира ӏуьно цкъа,
Амма дара оцу бокъан терсар
Лаар цунна корта маьрша ган.
— Схьахетарехь, баргол кӏезга йу,
Кхуьнан ойла дукха а́кха йу,
Буржалш оьшу хӏара карайерзо, —
Иштта ойла йира ӏуьно цкъа,
Амма дара оцу говран терсар
Лаар цунна когаш маьрша ган.
— Схьахетарехь, архаш кӏезга йу,
Хӏара амал эцна йо́гӏуш йу,
Цхьа шад оьшу кхуьнан дегӏах кхерсто,
Иштта ойла йира ӏуьно цкъа,
Амма дара цу ӏаспаран терсар
Лаар цунна цкъа ша́ маьрша ган.