Со йинчу дийнахь…
Марчонна йуьхьигаш
Тега дӏадолало ӏа́лам.
Со йинчу дийнахь
Делха дӏадолало те́зетахь да́хар.
Со а йоьлху цуьнца
Со йинчу дийнахь
Мел ба́ла барз бо́цуш беллачу не́хан
Сан синна тӏе дуьжу,
Со йинчу дийнахь…
Къинтӏера довлалаш, доттагӏий.
Со тойнехь шайца ца ӏарна,
Со йинчу дийно,
Дуьненчу а да́лаза
Хьийзинчу сан синан мохь
Сан лере кхоьхьу,
Со йинчу дийнахь…
Йина де сан дан а дац,
Сан са а дӏадоьду.
Дуьненчу а да́лале лазийначу
Сан сина йина де хуьлу?
Со йинчу дийнахь…
Той дицдой, миска са
Дӏадоьду Гӏум-Азе делха…
Со йинчу дийнахь…
Йина де-м сан дан а дац,
Амма ду – дуьненчу да́лаза
Са дийна де…
Гӏелйеллий хьо? Кӏадйеллий хьо?
Хьайн корта сан кара биллий,
Цхьа жимма садаӏахьа,
Цхьа жимма дог дастахьа…
Са маьрша, дог довха,
Куьг цӏена Нохчийчоь!..
Дӏайелла неӏарш, дӏайелла!
Кхин цхьа седа а
Дӏабай хьан стигла́ра,
Кхин цхьа узар дели
Хьан кийрара,
Цхьа каш совдели,
Кхин цхьа чурт тӏекхийти
Хьан латтана.
За́ма! Ма сихйелла йоьду хьо
Ла ца ду́гӏуш сан дехаре,
Сан лозучу сил а хьалхайаьлла,
Сан ӏийжачу дагна тӏоьхула йаьлла,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Хьайн тулгӏешлахь со
Ма йигахьа со а́найистан до́зане.
Хӏун дийр ду? Да́харан лай хилла
Деха вай хӏо́ра а,
Хӏаллакво-кх ӏедало дӏааьлча
Бакъ долу дош,
Цунде́ла ницкъ бо́цуш йисина-кх со,
Сайн дагца къийса,
Леча а хьожийца, кечделча ше́н тӏе́маш, стигла.
Оф-фай, ма гӏелйелла со,
Доттагӏа, цхьажимма ойлайеш,
Сацахьа соьца.
…Да́харо техкадо кху хе́нан Ширделла а́га,
Харцоно гӏелбина бо́дане ше́н гаьнгали.
Тоийта!
Ма де́ и кӏезга къамелаш:
Дӏо́ дехьа – йалсаманехь бе́ха нах,
Дӏо́ цигахь – ма луъу ког хеца хьайна,
Нохчийчоь – дош дац и.