тӏетоххий лаллалахь бохуш. Амма ца дезалора цунна шена хьалха виъ бере хилар. Хьала-охьа а, тӏаьхьа-м буьтур бу-кхий цо уьш, амма и Хортӏин ӏабди боху хӏуьмалг, хьалха-м хьовха, атталла цхьа гӏулч шена тӏаьхьа ван а ца лаьара цунна. Гома ма ву и шиъ вовшашца. Летча-м, цуьнан муцІар дурйора Мохьмада, хьуьнар къовса а иза хӏума йацара. Даим дӏа шайн туький, шайн говраш, шайн хьал хьехош, дог этӏадо-кх. Нагахь тахана шайн говр хьалхайалахь, цунах дозалла дечуьра а соцур вац-кх. И шен дехкан цергаш а къежош, сих-сиха цуьнан йухахьежар гича, тоьур ду дог датӀо. Амма ма бакъ дац-кх цунна моьттург!
Мохьмада берзина кӏажаш туьйхира говран гай тӏе. Йуха а, йуха а. Шед тухийла дацара.
– Лахка! Лахка!
– Вӏойт!
– Кхоа ма йе!
– Бархӏалгӏа го бу шуна! Бархӏалгӏа го!
Ледара ӏачохь дацара гӏуллакх. Говран чоьже кӏажаш сихбира Мохьмада… Дуьхьал хьоькхучу махо бӏаьрг белла ца вуьтура. Говрана даьллачу хьацаро йашийнера хеча. Кхин а цхьа говр тӏаьхьайахара. Эххар а цунна хезира Болатгӏеран маьхьарий:
– Лалла, Мохьмад!
– Шед тоха!
– ТІаьххьара го бу хьуна!
Хӏинца Мохьмадан говран корта хьалха йоьдучун гоьэ нисбелира. Дукха йукъ йацара и шиъ цхьаьнанисйала. Ӏабдин йухахьежар, тохара санна, аьшне дац хӏинца. И шен кегий, ира кӏомсарш тийсина, балда цӏийдинера цо. Бӏаьргаш чохь оьгӏазе цӏе йогура.
Майданна гобина хӏоьттина лаьттачу адамо, маьхьарий хьоькхуш, къардинера хӏаваъ.
– Шед тоха, Мохьмад!
– Йагайе, ӏабди!
Ӏабдис шен говрана къинхетамза шед йетта. Амма Мохьмада шениг кхоайо. Цунна дика ма йевза иза. Маккхала, уггар дикачу хӏух къастийна, эцна, бекъа йолуш дуьйна кхаьбнера иза.
Иссалгӏа го йуккъе бахча, гайн кӏело лоцуьйтуш, шед туьйхира Мохьмада. Ӏабдин говраца нисйелла йогӏу Леча, йагийча санна, кхоссайелла, шен дегӏан дохалла хьалхайелира вукхул. Шедо лазайарна а дацара иза. Дуьххьалдӏа шен жимачу дас ша цакхоор халахетта, оьгӏазйахана, марсайаьллера. Хӏун дара а, хаац, и тӏаьххьара минот шарал йахйеллера Мохьмадна. Ткъа дозанна бина зил ворхІ ломал дехьахь болуш санна хетара. Цунна тӏекхача масех гӏулч йисча, кийра гатбеллера тохаделлачу дагна.
– Човхайе, Мохьмад!
– Гӏел ма ло, ӏабди!