– Залмин Дада эрна хецнера вай маршоне, – элира цо оьгӏазе. – Кху ӏай вешан буйна веъанчуьра иза Сибрех дӏахьажийнехьара, тахана Органца хӏара бунт ца хила а ма тарлора. Вайн докъазаллина, подполковнико Лохвицкийс, иза бехкеван тешаллаш дац аьлла, дӏахийцира-кх. Вай Сибрех хьийсийначийн бехкенна тешаллаш долуш санна. Тӏаккха?
– Хӏара вайн лулахой: Диламерий, Буртӏанайрий суьйлий а, Ботӏлихера ӏаьндий а бу меттахъхьеш. Доцца аьлча, ӏаьлбаг-Хьаьжас латийна цӏе Дегӏастана йаржарна кхерам бу. Цаьрца цуьнан барт хиларан шеко ма йац. Дӏадаханчу шарахь хиллачу бартан куьйгалхо вай берриг а лецна хир ма бац.
Аравала дагахь, хьала а гӏеттина, коьрта куй тиллира Шахьболата.
– Собардел, Шахбулат, – сацийра цо неӏарехьа дӏаволавелла хӏусамда. – Суна хетарехь, вайша дицдан мегар дац ваьшшиъ ӏедалан ши векал хилар. Вайшиннан бакъо йац, адам шен лаамехь хецна а дитина, кху чохь хиъна Іан. Оцу хьербевллачу нахе хаийта деза кху Ножин-Юьртахь Цуьнан Императоран Воккхаллин ӏедал долуш хилар а, кхидӏа хир дуйла а. Ӏедало хӏоттийна, пачхьалкхо йал луш, паччахьна муьтӏахь хила дуйнаш биъна нах бу хӏор а йуьртахь. Цара дош дала деза шайн йартех. Омра иштта хир ду. Ахь, чехкка гӏой, мятежникех дӏакхетазчу йартийн старшинаш суна тӏе схьакхайкха алий, геланчаш бахийта. Дисинарг тӏаккха дуьйцур вай.
Ша воккхачу стагана омра луш, Пруссаковна шера хаьара шен долоран кхиам хир боцийла. Амма, дистина догӏу хи санна, хӏор а минотехь стамлуш, баьржаш лаьттачу гӏаттаме, ши куьг хецна, хьоьжуш ӏан бакъо а йацара.
Ши сахьт далале, иза волчу кхечира бархӏ йуьртан старшинаш. Хьалха, маьршачу деношкахь санна, шек дӏа боцуш чу а баьхкина, тарраш а, тоьпаш а голаш йуккъе а хІиттош, маьнги йисте, лохачу гӏанташ тӏе охьа а хевшина, пурстоьпо хӏун олу хьовсуш, ладоьгӏна севцира уьш.
Дагахь ша мел вогуш велахь а, шен къамелехь, леларехь гучу ца вала гӏерташ, велавелла, массеран куьйгаш лаьцна, хӏоранга отчет йийхира цо. Амма, церан къамеле ладоьгӏча, пурстоьпна хиира цхьаболчаьрца хьалхалерчу лераман а, муьтӏахьаллин а лар йисина цахилар. Хӏара шайн хьаькам царна цхьана а хьесапе цахетар хаалора церан багах