безачу мехаца. – Шега ахча дехарна кхеравеллачу Хортӏин коьрта тӏера чоьш ирахӏиттира. – Кху сохьта Ишхойн-Эвла ваха деза хьан. Хӏинца цкъа машаре ду цигахь. Амма, хьанна хаьа, цигарчу варрийн дагахь хӏун ду. Мятежникаш эвлан йисте кхаьчча, дуьхьалхьаьлхина, царна мара беттабала а эхь дац царна. Хьуна тӏедуьллу декхар иштта хир ду. Цхьа сахьт даьлча, цига а гӏой, йуьртда а, молланаш а, кхин шайн вежарий а цхьаьна а тохий, ӏедалан цӏарах цаьрга дӏакхайкхаде, нагахь цхьана мятежнико Ишхойн-Эвла чу ког биллахь, ас и йурт сийначу цӏарах йагор йу алий. Сан лаамна кӏел ши бӏе сов салти, бӏе дошло, йиъ йоккха топ йу. Масех сахьт далале, схьакхочур долуш орца а ду. Суна-м ах бӏе салти а тоьур ву Ишхойн-Эвлах а, Гати-Юьртах а чим бан. Ткъа ас цӏераш йаьхначара иъ-миъ олу-кх, сайн куьйга ас церан цӏенош дагор ду. Ткъа уьш шаьш цкъа а йухабогӏу боцчу дӏа а бохуьйтур бу. Кхийтин хьо?
– Кхийти, хьан оьздалла, – сихбина корта теӏо хӏоьттира Хортӏа. – Нагахь гӏуллакх ца нислахь, сох галдаьлла дуьсур дац.
Чекуновс, хьала а гӏеттина, дайн куьг туьйхира стоьла тӏе:
– Нагахь Ишхойн-Эвла мятежникаш болахь, тхан къинхетаме дог ма дахалахь, господин йуьртда! Доцца ду хьуна. Гати-Юрт-м дӏайеллера ахь, хӏинца Ишхойн-Юрт мукъане а ларйе. Хьайна хьайн цІока йезахь. Ткъа ахь, Ахмед, цигахь кегийрхошна йукъахь ладогӏа. Жимма а хьо шекволу цӏе соьга схьало. Хӏинца мукъа ду шу.
Йерстинчу вортанах даьллачу хьацарна доккха цӏен йовлакх а хьоькхуш, кегийра гӏулчаш а йохуш, аравала сихвелира Хортӏа. Эпсаран ӏодика йеш куьг дала ойла хилла, цхьа ког хьалха баьккхира Асхьада. Амма капитан корехьа дӏавирзира.
– Йовсарш! – агӏор корта а хьовзийна, туй кхоьссира цо, Асхьадан букъ неӏарх аратилча.
Хийла къонахий гинера Гати-Юьртан маьждиган майданна.
Хийлазза кху майдана хӏоьттинера кхуза шен доттагӏ Акхболат волчу хьошалгӏа вогӏуш хилла Таймин Бийболат. Хьалха заманахь оцу лекхачу момсарна тӏера, мохь тоьхна йа топ кхоьссина, биначу хаамца ах сахьт далале кхуза гуллора къийсамехь бахчабелла гатийуьртахой. Кхузахула чекхваьлла, Герзель-гӏопе иккхинера Нохчмахкахь вохийна инарла эла Воронцов; оцу тӏамехь чов хилла,