къехой. Цӏахь патарма буззал йалта, атталла газа йоцурш а. Шайн и эттӏа чоэш тӏе а кхоьхкина, неӏаран мачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къелла къикъвоьлла цӏахь ӏачулла, салт волучунна лучу йолаца доьзал мацаллех кӏелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гӏирсаца, шайн герзаца даха дезийла хиъча, массо а цӏехьа вирзира. Бийла а буьйлуш. Областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гӏирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьерацаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла! Оццул уьш муьтӏахь хиллал, дика а вац паччахь. Йиттина, чӏана а баьхна, хӏорш кху лаьмнашка, хьаннашка а боьхкина ӏен. Денна тӏе налогаш йетташ, тӏера ворхӏе цӏока йаккха гӏерташ. Тӏехула тӏе, йуьхьа дуьхьал шеташ а йетташ! Сонта хьаха бац паччахь а, цуьнан хьаькамаш а! Шайн харжах эскаре гӏо, тов! Оцу гӏуллакхна гӏалгӏазкхий бу цуьнан. Шортта мохк белла, цхьа а тайпа текхамаш ца бойтуш, тӏе куьг хьоькхуш, церан хьолахой а кхобуш.
Къехойх догдиллича, кхин некъ лаха дийзира областан ӏедалан. Оцу тӏехь ойла йеш дукха корта а ца кегбира цара. Нохчийн хьолахой а ма бара карахь. Церан къамкъарг жимма ӏовда дийзира. Нагахь шайна шайн токхе шун меттахь латта а лаахь, ӏедало шаьш лера а лаахь, полк вовшахтоха аьлла, доцца дийцира цаьрга. Йуьхьанца жимма йухагӏиртира уьш. Амма, жимма къамкъарг ӏаьвдича, резахилира. Гуттар а муьтӏахьболчара шайн гергарниш а хьовсийра. Къелла къикъбоьлла, шайх бозуш болу тайпанан нах дӏа а хьовсийна, шаьш цӏахь а ӏаш. Дийна цӏа боьрзий ца хууш, пана махка шайн кӏентий бохуьйтучул, говр, герз делла, жимма нахарташ а кхийсина, гергарниг вахийтар гӏоле хийтира царна. Байъича а, докъаза байча а бендоцурш.
Инарлин ойла йуха а хьаьвззина таханлерчу дийне йирзира. Бӏаьргашна хьалха аренца, лаьмнашца ӏуьллучу оцу карзахечу Нохчийчоьнна тӏе. Йалхитта шо хьалха ду-кх иза цигара гӏаттам хьоьшуш оцу Нохчмахкахула чекхваьлла. Хӏетахь и сонта Бойсагӏар коьртехь цигахь бунт йича, Бенахь йолайелла иза Органца хьала а йаьржира. Цигахь цунна коьрте хӏиттира гӏарабевлла наибаш Атин Атаби а, Дуин ӏумма а. Хӏетахь-м Бойсагӏар, схьа а лаьцна,