хилира цунах. Амма цхьана кӏиранах цо хӏун дийр дара? Хӏинца нохчийн бунт хьаша и резаволлуш ницкъ бацара цуьнан карахь. Ткъе бархӏ гӏашлойн батальон а, йалх команда а. Берриг – ткъе биъ эзар цхьамза. Шиъ ах эзар туьрах а, бӏе йеа йоккхачу тоьпах а лаьтта гӏалгӏазкхийн йалхитта сотня а. Царна тӏе – меттигерчу милицин цхьайтта сотня а.
И берриг ницкъ Нохчийчу тоттийла а ма йац. Хьанна хаьа, гӏалгӏайн дагахь хӏун ду а? Гуьржийн-БІаьн некъ а ма бу ларбан безаш. Сванетин дозанашца мелла а герзан ницкъаш бита а ма беза. Мел эсала хеталахь а, хӏирий а, гӏебартой а ма бац, гӏожа кӏелхьар баьхча, мегар болуш. Цу тӏе, Грозный-гӏалара муьжгий, белхалой а…
Йехха ойланаш йиначул тӏаьхьа, инарлин сацам хилира шен карахь болчу тӏеман ницкъах йезткъе йиъ рота гӏашлойн, гӏалгӏазкхийн исс сотня а, ткъе шийтта йоккха топ а цкъачунна Нохчмахка кхосса. Цул сов, хӏинца а цуьнан мелла а догдохийла йара нохчех а, меттигерчу кхечу къаьмнех а лаамхойн отрядаш вовшахтохаре. Йартийн хьолахойх а. Оцу хьокъехь округан начальникашка хаам бинера цо селхана.
Гӏалина гергахьа гӏоьртича, некъ гӏолехьо карийра цунна. Хӏинца чкъургаш наггахь бен ца тохалуш уьдура коляска. Кителан логера нуьйда дӏа а йоьллина, мекхех куьг хьаькхна, гӏали чувола кечвелира иза. Цигара бахархой, ша кхачаре ладоьгӏуш, лерг диллина ӏаш буйла хаьара инарлина.
Свистунов ченан урамашкахула шен конвойца гӏалин йуккъе мел гӏоьрту, адамийн тобанаш алсамйуьйлура. Говраш малйина, чаболехь шаьш гӏали йуккъе кхаьчча, цигахь гулбелла гӏалин дай а, гондӏарчу станицашкарий, йарташкарий цӏе йоккху нах а карийра цунна.
Свистунов кхуза схьакхаьчча, ӏиса-пайхамар ӏаьршашкара охьавоьссича санна, сапаргӏатделира церан. Царна гергахь иза веккъа цхьа инарла хилла ца Іара. Йалхитта шо хьалха оццу лаьмнашкахь нохчийн гӏаттам хьошуш областан эскарийн штабан начальник хилла волу иза царна гергахь турпалхо вара. Цуьнан хьекъал, тӏеман говзалла бахьана долуш хиллера, тов, хӏетахь кхиам. Оцу хенахь-м иза къона полковник бен вацара. Ткъа хӏинца корта а къежбелла, хьекъалх вуьзна, дуккха зеделларг а долуш инарла-адъютант ву.
Кхунна хьалха тӏевеанчу гӏалин