паччахьан эскаршна гӏоьнна веана Майртуьпахь лаьтташ ах эзар сов стаг хилар.
Ӏаьлбаг синтем байна дӏасахьоьжура. Цо шозлагӏа а Шела хьажийна Болат а ца вирзина йуха. Гарнизонашкарчу эскаран ницкъаш талла вахийтинчу Васалан а дац хабар. Васал оьрси ву, ведда нохчашкахьа ваьлла салти. Шен ненан мотт а, даймахке, халкъе безам а, йоӏбӏаьрг санна, ларбо цо. Иза тешаме ву ша тӏелаьцначу, шех шен кӏант виначу нохчийн халкъана а. Кхузахь ша паччахьан ӏедална дуьхьал латто къийсам шен халкъан маршонан къийсаман дакъа дуйла а, оцу шиний халкъан маршо вовшехйозуш йуйла а хууш. Ша даим дагахь латто шен халкъе, даймахке безам воккхахчу кӏанте Юсупе дӏало цо. Шера нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хуу Васал, тӏе, ша дика разведчик а ву.
Мостагӏчун ӏалашо хӏинца а ма-йарра цахааро некъ арен тӏе боссале хьуьна чохь сацийра Іаьлбаг.
Бӏаьхошка, шегара омра хиллалц, паргӏат хила алар Овхьадна тӏе а диллина, говрара воьссина, Коьрица гӏаш гу тӏе хьалавелира Іаьлбаг. Хӏара турмалца аренга бӏаьрг бетташ лаьтташ, тӏевеара Къайсар а.
– Чӏебарла хьажийна геланча схьакхаьчна, – элира цо, коьртара баьккхинчу куйнаца хьажа тӏера хьацар дӏа а хьоькхуш.
– «Кӏант» хилла, «йоӏ» хилла?
– «Йоӏ»: Іумма-Хьаьжа меттахвала дагахь а вац, боху.
– И бохург хӏун ду?
– Хьанна хаьа… Цигарчу пурстоьпна улло а хӏоьттина, йарташкахула волавелла лелаш ву, боху.
– Ткъа Залмин Дада? – хаьттира Коьрас.
– Хӏинца цкъа цунна тӏаьхьа ткъех стаг бен вац.
Ваьштайахийтина, турмал кисана а йиллина, накъосташна тӏевирзира Іаьлбаг.
– Хӏара ду-кх, воьдуш динарг хьесап дац, вогӏуш динарг бен бохург, – доккха садаьккхира цо. – Шадерг дохий хи тӏе кхачале шарбал йаьккхинчу аьккхаша. Тоьхначу хенал хьалха, бахана, и говрийн ӏаспарш а лаьхкина. Цара и ца динехь, цӏеххьана тӏелетта, Хаси-Юрт а, Гезла-Эвла а дӏалаьцна хир ма йара вай… Ткъа хӏинца, худар а кегийна, таьӏна Іа. Уьш-м хьовха, сан сайн зандакъой а. Чиркойн Хьамзат-Хьаьжа а ву, боху, цигахь церан лерехь зурма лоькхуш.
– Со цкъа а вацара цунна реза, – корта хьовзийра Къайсара. – Кхор кхура кӏел бужу. Цуьнан ваша Шайх-Мохьмад ӏедалан хьадалча ма ву. Цхьана бен чуьра схьадевлла мукадехкий.