охьа чуйетташ, цо тогӏи чуьра хьалабовла ца буьтура гӏовттамхой. Оццу хенахь Акхтин дошлой кхузза йухатуьйхира резервехь лаьттачу дакъоша а. Коьрас обоз дӏалацарна кхеравелла Нурид, навангинхойн 2-гӏа батальон а, гӏалгӏазкхийн дошлойн сотня а эцна, цига гӏоьнна дӏахьаьдира. Гӏашлошна хьалха лаьттачу вагенбургана тӏекхаьчначу есауло Афанасьевс цхьана йукъана йухабехира гӏовттамхой. Амма сихха меттабаьхкинчу гӏовттамхоша, шозлагӏа тӏелатар а дина, обозан ворданашна тӏехьа лелхийтира гӏалгӏазкхий.
– Говрашкара дисса! – омра дира Афанасьевс. – Ворданашна тӏехьа ловчкъа!
Сихха говрашкара охьа а биссина, ворданашна тӏехьа чӏагӏбеллачу гӏашлойх дӏа а кхетта, тІегӏертачу гӏовттамхошна тӏе дошан дарц хьадира салташа. Говрашкахь болчу гӏовттамхошка царна зен ца далора. Эххар а, Коьрас омра дира, гӏаш а довлий, тӏелата аьлла. Оцу минотехь тогӏи чухула хьала къайлехула коьртехь Нурид волуш схьакхаьчначу тенгинхоша шозза дина тӏелатар а гӏовттамхоша йухатуьйхира.
Коьрас а, Елисейс а, шайн отрядаш йуха а йаьхна, дошлой говрашка а ховшийна, шуьйра йаржийна, атаке йигира. Такхийна йалийна, гу тӏе хӏоттийначу йеа йоккхачу тоьпо деттачу хӏоьънаша новкъарло йора хьалхатаӏа.
Амма хьаннашкахула гергавеанчу ӏаьлбага цӏеххьана диначу буьрсачу тохаро йухабаккхаболийра дуьхьалончийн коьрта ницкъ. Нурида хӏинца догдиллинера толамах. Хӏинца цо сатуьйсура, отряд хӏаллак ца хуьлуьйтуш, йухавалаваларе. Дерриг галдаьккхинера полковникна мостагІчун барам цахааро. Хӏинца гӏовттамхой гобаьккхина тӏегӏертара. Йеккъа цхьа Курчалой-Эвлехьара агӏо йара мелла а маьрша. Йерриг дегайовхо артиллерина тӏехь йолчу Нурида омра дира, аьтту флангехула а, Майртуьпара схьа а коьртачу ницкъашца тӏегӏертачу гӏовттамхошна тӏе йаккхий тоьпаш тоха аьлла.
Йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша даккхий зенаш дора гӏовттамхойн дошлошна. Оцу хьеречу гӏовгӏанах йолаза йолу говраш, хьалхайаха ца туьгуш, къехкаш, тӏаьхьарчу когаш тӏе хІуьттуш, агӏор лелхаш, хӏуъу дина а оцу гӏовгӏанна генайовла гӏертара.
Де суьйренга лестира тӏом ца лагӏлуш. Салташа мел майра дуьхьало йахь а, Нуридна хаьара уьш