Хьо толахь – хьайн толам гайта ма гӏерта,
Хьо эшахь – догдохий, таІий, ма велха.
Доза ду массо а хӏуманна тоьхна,
Цунах хьо тӏехвалахь, вуьсур ву воьжна…
Архилох
Селхана дуьйна хаддаза тӏейоьлху стигал тахана Іуьйранна цӏеххьана йекхнера. Дуьне къагош, малх гӏеттира ӏаьржачу лаьмнашна тӏехула.
ГІовттамхойн дараш алсам хиллехь а, амма церачул кхузза алсам ницкъ болу мостагӏ, Майртуьпахь хиллачу тӏамехь эшна, йухаваьллера цкъа – Гелдагана, тӏаккха – Гермчига, йуха – Устаргӏардой-Эвла. Кхидӏа цунна тӏаьхьа ваха ца хӏоьттина ӏаьлбаг, шен отряд Курчалой-Эвла а йалийна, тӏом хиллачу ара хьажа йухавахара.
Хӏокху цхьана дийнахь-буса дикка хийцавеллера Іаьлбаг. Цуьнан цӏен бос богу горга беснеш, кӏаййелла, чуэгнера, бӏаьргаш ойлане хьоьжура. Чкъор морцуш йуххехула тӏехтиллачу дӏаьндарго ӏаьржа тача дитинера аьрру бесни тӏехь. Ӏуьйранна, ламаз оьцуш йуьхь йилинехь а, деттачу цӏийн кегийра тӏадамаш дисинера лекхачу хьаж тӏехь. Пхьош эвнешкахь лилхина, дехий тайш охкаделлера аьтту пхьаьрса кӏел.
Толам цуьнгахь бисинехь а, воккхаверан суй ца гора бӏаьргаш чохь, мелхо а, уьш кхоьлина бара, догӏанна йазйелла ӏаьржа мархаш санна.
Диттийн гӏашна а, бацана а тӏехь севццачу догӏанан тӏадамаш чохь, жовхӏарш санна, лепара маьлхан зӏаьнарш. Тӏом хиллачохь дохаза дисина наггахь зезаг, самадаьлла, дахаре кхевдира.
Буькъачу хотто когаш лоьцуш, халла йогӏура говраш.
Майртуьпна улло мел кхочу, шера гора селханлерчу къемат-дийнан лараш: йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша лелхийтина кІаьгнаш, хедийна дитташ, йохийна, тӏекӏелйаьхна ворданаш, говрийн, стерчийн чархаш.
Хӏорш йуьрта кхаьчча, маьӏ-маьІІера схьа зударийн белхарш хезара. Момсаран бухь дӏатесначу маьждигна хьалхарчу майданахь, йаххьаш къилбехьа а йерзийна, охьадехкина декъий гира царна. Ӏаьлбага дагардира уьш. Шовзткъе пхиъ. Селхана царна дагахь а дацара, йуьхь тӏе чоэш, гӏовталш, галеш тийсина, шайн декъий кхузахь Іохкур ду бохург. Церан когаш бен гуш а бац. Догӏано тӏадийна хотташа йуьзна, хӏинцца йакъайеллачу къерсигйевллачу неӏармачашца а, берзина а…
ТІетийсина хӏуманаш а уьйъуш, байъинчийн