Нагахь, хьан ницкъ эшна, мятежникаш толахь, тхо гӏорасиз дуьсу хьуна гӏо дан…
Хӏорш и балхамаш бан боьлча, са логе кхочура Свистуновн. Делахь а, цхьана агӏор бакъ лоьра уьш. Александр Павлович а вара хӏоьттинчу хьолах вогуш. Амма дагара хаийта йиш йацара. Хьанна хаьа, мятежникаш тоьлучу далахь, хӏокхара хӏун дер а?
– Стенна кхоьру шу? – оьгӏазвахара Свистунов. – Суна йеккъа цхьа полк тоьур йу и сагӏадоьхургийн бажа дӏасалахка! Цхьа кӏира далале, хӏинцачул иттазза алсам эскар хир ду кхузахь. Схьа мел ваьлларг кхеравелла, вахьийна, макхвелла ма хуьлу шу! Хорша йеача санна, дегош, сан бага а хьуьйсуш кхузахь ӏачул, дуьхьало йан кечло. Шун карахь дан а дац герз? Хаалаш, мятежникаша схьатоьхнарг уггар хьалха шун шайн коьртах кхетар йуйла. Йарташка а гӏой, цхьа мятежник а чувитина йурт ас сийначу цӏарах йагор йуйла хаийта бахархошна. Суна гӏоьнна нах ца беллачу йуьртана тӏехь а изза хӏоттор ду ас. Шу сан лергаш, куьйгаш хилла дӏахӏитта деза.
Шена кІордийна, хьех чекхбевлла и кхайкхаза баьхкина хьеший дӏа а хьовсийна, горгали тоьхна, адъютант сотник Габаев чукхайкхира Свистуновс. Горгалин аз сецна а далале, неӏарх чоьхьа а ваьлла, ӏад санна, вулавелла дӏахӏоьттира куьце хӏири.
– Коляска!
Цхьа масех минот йалале, гонах дошлойн ха а долуш, гӏали йукъа велира инарла. Урамехь дуьхьалнисло бахархой, хӏокхунна некъ буьтуш, йуьстахбуьйлуш, коьртара куйнаш дохуш, кортош теӏош, соцунгӏа хуьлура. Бахархойн дог-ойла селханчул мелла а хийцайелла гора инарлина. Догӏанна йазйелла мархаш санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Схьахетарехь, дас Викентийс хӏинцале а дика болх бинера шен «уьстагӏашна» йукъахь.
Инарла ша а вацара самукъадолуш. Селхана Мыловс шозза а хаам бинера, шен отрядца Шелана улло цунна дуьхьалван веза полковник Александр Нурид Эрсанара меттахволуш вац аьлла.
Александр Павлович ца кхетара Нуридан дагахь долчух. Нийсса аьлча, кху туземцех схьабевлла эпсарш, мел майра, хьуьнаре, мел ӏедална муьтӏахь белахь а, цхьа минот зама йацара иза царах тешна. Ткъа Нурид дика вевзара Александ Павловична. Кура, дозалла деш, виллина дӏа цхьацца интригаш лелош. Инарлина хетарехь, Долговн жима