цхьаьна долуш, шаьш нуьцкъала а, муьлххачу кхерамна дуьхьалхӏитта майра а хетара царна. Амма, гӏалех арадевлча, цунна гена мел довлу, некъашка декъалуш, цхьалха дисча, кортош чу кхин ойланаш йиссира. Кхоъ ницкъ бара царна кхаа агӏонгахьахула тӏегӏерташ: генахь – туркой, ломахь – гӏовттамхой, ткъа уллохь – кхузара паччахьан ӏедал.
Халкъан сий ойъурш а, и сий дойъурш а кӏеззиг нах бу. Халкъан кхолламах шена дан луург оцу халкъе хеттац колонизаторша. Оцу халкъалахь лоруш а, сий деш а болчаьрга, хьолаца ницкъ болчаьрга дӏахьебо цара шайн лаам. Царна, куьг хьаькхча, хаало, халкъана шаьш муьлхачу агӏорхула тӏеховша деза. Нагахь цара цӏингаш кхоссахь, ларлуш хуьлу, амма, ка-мӏара хьаькхча, цӏога ластош, и сацахь – таӏӏайой бага гаьллаш йухку. Цӏингаш кхуссург а, хӏуъу дича а, карацаӏемарг а нисло халкъа йукъахь.
Шайн халкъан сий, маршой шайн бахамал а, синойл а деза хета дукхахболчарна, амма хӏор а халкъах цхьа даххаш довлу, шен цІока дийна йисчахьана, шен гайн тӏингар йуьзчахьана, халкъ-м хьовха, шен да-нана а духкур долуш. Оцу тӏаьххьарчийн Дела а, дин а, даймохк а, ӏедал а хьал ду. Шайн хьал ӏалашделчхьана, иза дебчахьана, шайн цӏокарчий ларйелчахьана, уьш тӏеберза кийча бу муьлххачу динна а, Далла а, ӏедална а тешам хӏун йу а ца хаьа царна, ткъа йамартло церан цӏийх а, даьӏахкех а йоьлла. Халкъана тӏе бохам беъча, уггар хьалха шайна тӏе пайда богӏу, шайн аьтто хуьлу агӏо лоху цара, нагахь и пайда хир белахь, цара, бӏаьрнегӏар ца тухуш, сийсаздо да-нана а, йиша-ваша а, селханлера шайн доттагӏий, селханлера шаьш, лаьттах корта бетташ, суждане ихна Дела а, ӏедал а. Селханлера доттагӏий мостагӏий хуьлу церан, мостагӏий – доттагӏий хуьлу.
Халкъах девлла и даххаш бӏаьрга дан ца деза олалла дечу ӏедалхошна а. Уьш а кхаьрда церан йамартчу, стешхачу кӏиллойн дегнех, церан бухбоцчу сутараллех. Амма, мел шайна ца безахь а, уьш ца хилча йиш а йац церан. Мел уьш шайна жерга хетахь а, цаьрца къамел дан а, царна къежа а деза олаллахойн. Цаьргахулий бен латталац цаьрга шайн когаш кӏеларчу халкъашна тӏехь ӏедал.
И нах ша Грозне кхойкхуш а, цаьрца къамел деш а, уьш дӏа а хьовсийна, бухависча, Свистуновна шера