тӏаьхьабалабе!
Эвлан йисте бевлла шелахой йукъалоцуш ах го беш дӏахӏоьттинчу шен эскарна йуккъехула а ваьлла, дин боларе а баьккхина, шина а агӏорчарна йукъахь йаьсса йитина бӏе гӏулч аса а хадош, вахана, хьалхарчу могІарехь лаьттачу шелахойн тхьамданашна хьалха сецира ӏаьлбаг. Шайн отрядашна хьалхара схьабевлла Нурхьаьжа а, Къосам а, Тозуркъа а хӏиттира цунна улло.
Къоначу имамна хьалха дойш тӏехь бара сира а, хьаьрса а, йехий а, шуьйрий а мажош йолу холхазан куйнашна гонаха кӏайн чалбанаш хьерчийна баккхий нах. Царна йукъахь Іаьлбагна ца гира цхьа а гӏийла, беркъа стаг. Массо а, вустийча санна, дилхе, токхе. ТІедуьйхина оьрсийн тоьллачу машин чоэш, атласан гӏовталш. ХІораннан а каралаьцна топ, хаьнтӏехь кхозуш тур, йукъахйихкина шаьлта, доьхкарх йоьллина тапча, Шеларий, Гермчигарий, Мескар-Эвларий, Курчалой-Эвларий, Бердакӏеларий совдегарш, мехкадай.
– Мила ву шун тхьамда? Схьавала йукъара, – элира Іаьлбага, ворта сеттош, цхьана метта ца сацалуш, ловзайаьллачу говрана вортанах дайн куьг тоьхна, и дӏа а тейеш.
Нахах ши-кхо гӏулч къаьстина, хьалха лаьтта Боьршиг, курра корта а саттийна, кӏоршаме схьахьаьжира цуьнга.
– Со ву шелахойн тхьамда.
– Хьан цӏе?
– Ханболатан Боьршиг. Ткъа хьо мила ву?
– Симсарарчу Олдаман ӏаьлбаг.
Вуьйцу дукха хезнехь а, Боьршигна ца моьттура хӏара нохчмахкахойн имам йуьхьана а, къамелна а оццул эсала хир ву. Цунна хьалха лаьттара, тӏехь эттӏа чоа а, коьртарчу лохачу, месалчу куйнна кӏел цӏен бос богуш, горга, къинхетаме йуьхь а йолуш къона стаг.
ТІеттӏатаӏийна балдаш вовшах ца къастош, кӏоршаме велавелира Боьршиг.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа, тов! Хьо ву Нохчийчохь хӏара гӏурт бина Іаьлбаг-Хьаьжа? – пхьидачух тера боккха ши бӏаьрг Іаьлбагна тӏебуьйгӏира цо. – Хаьий хьуна, ӏовдал нохчмахкахо, айхьа халкъана деш долу зулам? Хӏун оьшу хьуна тхоьгара? Стенна веана хьо тхан йуьртана тӏе?
– Суна хьоьгарий, хьуна тӏехьа лаьттачу оцу хьолахошкарий хӏумма а ца оьшу, Ханболатан Боьршиг, – парггӏат жоп делира ӏаьлбага. – Кху йуьртарчу нахана тӏе веана со. Цара пурба лахь, йуьрта чуван а, нагахь ас айъина гӏуллакх цара къобалдахь, уьш сайна тӏаьхьахӏитто а.