гича, майраваьлла Ханболатан Боьршиг, баттара даьккхина тур хьала а лаьцна, луьйтанашна тӏехь ирахӏоьттира.
– Шелахой! Паччахьна муьтӏахь верг суна тӏаьхьавола!
Ша хаъал хилчахьана, цкъа а тӏамна улло ца воьдуш, кхузткъа шаре ваьллера Боьршиг. Шен нийсархой герз буйнахь къийсамехь бахчалучу хенахь даим аьршица гӏуллакх хиллера цуьнан. Герз ца доьхкура цо, хьошалгӏа воьдуш куьцаний бен. Ткъа тахана шега хӏара майралла йоссарх ша-шех цецвуьйлура иза. Дас, Ханболата, шен туькана а ца хьийзош, оьрсийн эскаре дӏавелла хиллехьара! Хӏинцале, лаххара а, полковник хилла хила а ма магара цунах. Амма тӏаьхьа ду-кх. Къанваллалц ваьхча, йуьртда бен ца хили цунах…
– ӏайт! Ма вахийталаш! Тӏетоха! – мохь беттара цо.
«Ткъа Эрсанна уллохь эскарца лаьтташ полковник Нурид вацахьара, хир варий-те со сел майра? – ойла йора Боьршига. – Ца хилча ца волура. Ца хилча, инарлас хьаькамаллех а, хьолах а воккхур ву. Коьртах ваккха а мега. И полконак ма вац гучуволуш? Цо дош ма деллера, оха топ ма-кхоьссинехь, гӏоьнна кхача. Тешнабехк бина-кх цо! Хӏумма а дац, хӏорш оха тхаьш дӏалаьхкина. Хастам со цхьанна буьсуш боллу».
– Тӏетоха!
Омра а делла, тур батта а дахийтина, кочара топ схьайаьккхира Боьршига. Хьежош а ца ӏаш, сирачу динахь хьалха воьдучу ӏаьлбаган букъа йуккъе а хьажош, топ туьйхира цо. Амма имам, шек дӏа а воцуш, хьалха дӏаоьхура. Оьгӏазвахана Боьршиг тапчанах тасавелла воллуш, Іаьлбага, цӏеххьана йухахьаьжна, схьатоьхначу тоьпо говраца цхьаьна йуьхьарвахийтира Боьршиг. Топ шена ца кхеттийла-м хиира цунна, амма хӏара ледара бере луьйтара ког схьабаккха кхиале, шен йерриг йозаллица тӏейоьжначу говро цунна хаза а хезаш хена чохь тата эккхийтира цуьнан.
«Ванах, пӏендарш-м кегделира, гӏогӏ а дойна-те сан? – кхеравелира Боьршиг. – Инарлина гергахь вазвала, тоьпан дӏаьндарго мерцина йа туьро чкъор хадийна, цхьа ладам боццу чов хилла висинехь, ца мегара… Къанвеллачу меттехь, заьӏап хилла, кӏелвисар дара хӏинца оьшург! Тӏаккха ас хӏун до хьолах, чинах… тӏаьххьара йалийначу къоначу зудчух а…»
Боьршиг кхетамчуьра велира…