Хӏан-хӏа, гӀоли йу
Дорцах ницкъ бустар,
Садаллалц, бакъ къуьйсуш,
къийсамехь летар,
Тийначу бердашка а хиъна
Чӏеӏачул, чевнашка а хьоьжуш.
А. Мицкевич
Шайн совгӏатех баккхийбе Мохьмаддий, ӏумаррий, ӏусманний сихха ӏала-Мохьмадца йуьрта дӏа а хьовсийна, адам кӀезиг лела некъ къастийна, ӏаьлбагца регӏа хьалаволавелира Къайсаррий, Болаттий.
Толамца ша йаьккхина кӀайчу маьӏан мукъ болу шаьлта а, детица кхелина тапча а Мохьмадна йелира Болата. Доза дацара кӀентан воккхаверан. Детица кхолуш кечйина нохчийн нуьйр а, дуьрста а, тӏехула тӏе, тайниг санна, хаза тапча а. Ма ирсе вара-кх иза, биллина дог огуш цхьа бала бацахьара! Дӏайаханчу гурахь лаьцна Сибрех вахийтинера цуьнан ден ваша а, цунна дика хилла Маккхал а. Дерригенах а ца кхетара жима Мохьмад, амма ден вешин а, ден доттагӏчун а ойланаш гушдоцчу пхенаш чухула цуьнан дагах йоьллера. Тахана оццул хаза деана хӏара ловзаран де а къахьделира цунна, маьлхан зӏаьнаршлахь белшашний, накхошний тӏера деши, дети лепош чардакха тӏехь лаьтта и берстина эпсарш гича. Уьш бу, иза дуьнен чу а валале, цуьнан да Аьрзу гена, хийрачу махка вахарна а, цигахь иза кхалхарна а, цхьайолчу цхьана ненаца иза байлахь висарна а, цуьнан ден ваший, ден доттаггӏий Сибрех хьажорна а бехке.
Дависарг-йаӏ, цкъа пхийттара валахьара иза! Тӏаккха-м цо чӏир оьцур йара царах! Амма гена йу-кх и хан а. Хӏинца а – кхо шо!
Элхьамцан, хьаьмцан, стовн диттийн йуькъачу хьуьна чухула басех хьала, лаьхьанах сетташ, эвла боьдучу готтачу новкъа тӀаьхьий-хьалхий могӏа бина воьдура кхо дошло. Хьалха Къайсар, йуккъехь – ӏаьлбаг, тӏаьхьа Болат а волуш.
Цхьа-ши бутт хьалха боьлуш хуьлучу доттагӏаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, лохха къамелаш дора. Ӏаьлбага хоьттура, кхузахь даьхний ӏаьнах муха девлла, бӀаьстенан йалташ дер дӏа муха доьду. Къайсара дукха ладегӏнера Макка ваханчу кхаа вашас цигахь а, новкъахь а шайна гинарг дуьйцуш. Амма цаьрга хеттарш цкъа а ца кхачалора Къайсаран. Хӏинца а къамел хьовззийна оцу тӏе далийра цо.
– Уьш дитахьа, ӏаьлбаг, и ӏаьрбий хӀун тайпа къам ду?
– Ой, масазза аьлла хьоьга, йен бух санна, ӏаьржа адамаш ду.
– Ас-м и ца хоьттий. Майра къам дуй иза?