деза иза. Хьанна хаьа, вайн лехамаш кхочушбан Іедал резахила а ма мега. ТІаккха соцур дара эрна цӏий ӏенор.
Берсас корта хьовзийра.
– Шекончохь гӏуллакх ду иза, дан-м. Делахь а, дог ца дуьллур вай. Цхьадерш мукъане а тӏелоцур дац-те? Ца лацахь а, вай бехказа хуьлу-кх.
Хьала а гӏеттина, вахана, терхеш тӏе йоьттинчу книгаш йуккъера схьаэцна, деана, кехат Овхьаде дӏакховдийра Берсас.
– Дешахьа, Овхьад, оцу тӏехь дерг. Буьйсанна дика сагац суна.
Овхьад, чиркха улло а вахана, оьрсийн маттахь йаздина кехат нохчийн матте гочдеш, деша вуьйлира:
«Цуьнан Воккхалле, Государе-Императоре Александре ӏӏ-чуьнга.
Иттаннаш шерашкахь бахбелла, эзарнаш ламанхойн а, оьрсийн а синош дӏадаьхьна луьра тӏом чекхбелира, инарлехула Барятинскийхула нохчийн къоманий, паччахьан правительствоний йукъахь машаре барт хуьлуш. Оцу барта тӏехь шина а агӏоно бина тӏелацамаш правительствона дика хаьа. Нохчийн къомо ларбина шен тӏелацамаш, амма правительствос шен агӏонгахьарниш кхочуш ца бина. Дӏадаханчу йалхитта шарахь машар бу Нохчийчохь, амма халкъана тӏехь ӏазап а, харцо а лаьтта. И ӏазап, харцо, къоьлла, мацалла ца лайелла, гӏеттина халкъ.
Иттех де ду нохчийн лаьмнашкахь цӏий ӏена. И цӏий Іена Россин гражданийн – ламанхойн а, оьрсийн а. Тахана цӏе йогу Нохчмахкахь, Аьккхахь, Салатавехь, Чӏебарлахь. Кхана иза нохчийн аренга, тӏаккха Дегӏастана кхерстар йу. ЦІий ӏенор сацар а, летта цӏе йайъар а ӏедало халкъан лаам кхочушбарх доьзна ду.
Нохчмехкан, Аьккхан, Салатавин, Чӏебарлан тхьамданаша шайн лаам дӏахьебо ӏедале. Тхан коьрта лехамаш бу:
1. Оха къобалдо Россин империн чоьхьарчу губернешкахь лелаш долу граждански, суьдан, иштта дӏа кхидолу дерриг законаш. Уьш лера а, цхьа а тайпа дӏасахьийзам боцуш кхочушдан а реза ду тхо.
2. Тхан цхьа а тайпа мостагӏалла дац оьрсашца а, йа кхечу къаьмнашца а. Нагахь гӏалгӏазкхашний, тхуний йукъахь ваьснаш, девнаш делахь, уьш а данне а тхо шинхьарчийн бехкенна дац, ткъа ӏедалан векалша лелочу харцонийн жамӏ ду. Амма тхаьш, уьш санна, Россин пачхьалкхан гражданаш хиларе терра, тхайца цхьана махкахь, цхьана лулахь бехачу гӏалгӏазкхашца экономикин хьелашца а,