тӏекхозайеллачу хьаннаша бакъабала ца буьтучу новкъахь сих-сиха нислора ӏаьмнаш а, буькъа хатт а. Хотто лоьцу йаккхий тоьпаш тоьттучу салташа бертаза йаппарш тухура йукъ-кара.
Отрядан коьртехь боьлхучу эпсаршна кӏеззиг тӏаьхьа, капитан Рихтерна улло а ваьлла, парталчу ӏожа говрахь вогӏура Абросимов.
Ша гимназист волуш дуьйна Абросимовн тидам тӏебаханера Кавказна а, цуьнан ламанан бахархошна а. Цунна дуьххьара хӏара мохк схьабиллинарг Лермонтовн кхолларалла йара. Цо, ца ӏебаш, йух-йуха худура кху махках а, кхузарчу буьрсачу бахархойх а лаьцна оцу хеназа кхелхинчу поэтан стихаш. Тӏаккха, ша университетан студент хилча, башхо а йоцуш, цо йоьшура ламанхойх лаьцна йерриг зорбанехь йазйинарш. Бакъду, уьш йерриг а оьрсийн герзан хьуьнарш хестош, хӏара ламанхой йемалбеш йара, хӏетте а, церан авторийн бертаза йукъ-йукъа схьакъедара царна мукӏарло дан ца луучу ламанхойн майралла а, къонахалла а, оьздангалла а. Цара хӏуъу дийцахь а, къона Абросимов тешна вара кхузарчу ламанхоша латториг шайн маршонехьа бакъонан турпала къийсам хиларх а, кхузахь тӏамехь лаьттачу цхьаболчу эпсарший, инарлаший, официалечу историкаший ма-бийццара, хӏорш «акха варварш, адамашдаархой, къуй» белхьара, хӏокхаьрга нуьцкъалчу паччахьна маситта шарахь турпала дуьхьало йалург цахиларх а.
Мел дукха ойланаш йора цо ша гимназист волуш! Хӏетахь цо йух-йуха а йоьшура Фенимор Куперан, Гаррет Бичер-Стоун романаш. Ткъа йехачу буьйсанашкахь сатуьйсура, Кавказе а вахана, ламанхойн могӏаршка а хӏоьттина, маршонехьа къийсаман тӏамехь дакъалаца. Хӏара воккха хилале чекхбелира ламанхошца тӏом. Амма студент волуш а иза маьрша ца волура шен сатийсамех. Хӏинца цо ӏалашо лоьцура, оьрсийн Купер а хилла, ламанхойн бакъонан къийсамах лаьцна романаш йазйан.
Ша сатийсина Купер ца хилира Абросимовх. Ша йазйина бӏеннаш кехатан агӏонаш йаго дийзира цуьнан. Уьш герга а ца йоьлхура цуьнан сатийсамашна. Амма, шегахь публицистан корматалла карийна, Абросимов, цхьа масех очерк газеташний, журналашний тӏехь зорба а тоьхна, ша сатийсинчу Кавказе новкъа велира.
И дуьххьарлера некъ тайра цуьнан, Ростовхь Кавказе