шатайпа ӏедална муьтӏахь сословеш.
Тайпанан декъашхойх йукъаметтигаш чӏогӏа лаьтта Нохчийчохь хӏинца а. Цхьана тайпанах хилчахьана, вовшийн вежарий лору цигахь. Цхьанна тӏедеана эхь дерриг а тайпанна тӏедогӏу; цхьаъ майраллица, къонахаллица лакхаваьллехь, иза дерриг а тайпанан дозалла ду.
Тайпанан нехан йукъаметтигех говза пайдаоьцу Йоккхачу Нохчийчохь кхоллайеллачу керлачу сословис. Йа, вуьшта аьлча, оцу сословигахула кхузахь керла ӏедал чӏагӏдо правительствос. Царах бу хӏара край къарйеш правительствона доггах гӏуллакхдина, даккхий чинаш, орденаш а, мохк а белла Чермоевгӏар, Шамурзаевгӏар, Мустафиновгӏар, Дубаевгӏар, Саралиевгӏар, Чуликовгӏар, Ойшиевгӏар, Мамаевгӏар, кхин иттанаш а хьолахой. Мел шаьш къен, гӏийла бахкахь а, тайпанийн наха ладугӏу шайн цӏийнах болчу хьолахошка. Йа, вуьшта аьлча, оцу хьолахошна цара бӏаьрзе гӏо до шаьш лоллехь латто а, кхузахь керла ӏедал чӏагӏдан а.
Гӏаттам болабеллачу йуьххьехь Теркан областан эскарийн командующис уьш дӏасахьовсийнера шайн-шайн тайпанийн йарташка. Цигара бахархой, гӏовттамхошна тӏаьхьахӏиттарх йухабаьхна ца ӏаш, уьш царна дуьхьалбахар тӏе а диллина. Абросимовна хаьара оццу декхарца инарла-майор Чермоев Нохчамахка ваийтар. Схьахетарехь, инарлин мисси кхиамза чекхйаьллера кхузахь.
Шелахой бевр ма бацара гӏовттамхошкахьа. Ломан бахархошца буьстича, уьш йалсаманехь ма бохку. Цаьрца гергарлонаш долуш бу гермачигхой, гелдаганхой а, эвтархой а. Цигара дӏа-схьа зӏенаш йоьлху Курчалой-Эвла, Цоци-Эвла, Белгӏата, и. дӏ. кх. а.
Шолгӏа-делахь, Эрсанан, Чехкаран, Грозныйн, ӏумхан-Юьртан тӏеман гӏаьпнашна кӏел лаьтта Йоккха Нохчийчоь. Изза ала мегар долуш хьал дара Жимачу Нохчийчоьнан йарташкахь а. Цундела Абросимов йуьхьанца дуьйна а шеквара арен тӏехь ӏаьлбаган кхиамаш хир бу бохучух. Цунна моьттучу тӏе дан а деара гӏуллакх.
Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а летта гӏаттаман цӏе арен тӏе йаржа туьгуш йацара.
Зандакъана тӏехуларчу лома тӏе хьалайаьлла отряд, кхузахь цкъачунна позици а лаьцна, сецира. Лома кӏел легӏана басе дӏалаьцна, йаьржина, цунна хьалха ӏуьллура Нохчмехкан йаккхийчу