а, массеран а йукъарчу гӏуллакхна – ӏазапдаллорхошна дуьхьал – къийсамехь шайн синош дӏадала.
Со студент волуш дуьйна сан кийра а буьзнера оцу безамо, сатийсамо. Ас дуй биънера, сайн аьтто нисбеллачу хенахь кхуза а веана, хӏара лаьмнаш гӏаш талла, кхузара адамаш герггара довза. И сан дуй кхочуш ца хила а магара, Кавказехь вина а, кхиъна а волчу гӏараваьллачу йаздархочуьнца, публицистца, этнографца Василий Иванович Немирович-Данченкоца кхолламо со цхьаьна ца тоьхнехь. И доцца цхьаьнакхетар нисделира масех шо хьалха. Василий Иванович Москва веача, сан гергара стаг волчохь. Оцу буса цо дийцинчо ламанхошка сан безам кхин тӏе а алсамбаьккхира, кху махка ван ас йина чӏагӏо кхин тӏе а чӏагӏйира.
Хӏетахь нохчех лаьцна цо дийцинарш доцца дӏайаздо ас.
– Хӏара нохчий ӏедалца мостагӏалле бовлар правительствон бехк бу, – долийра цо. – Хӏокху Кавказан лаьмнашкахь даима уггар доккха а, уггар майра а къам хилла схьадогӏу хӏара. Амма – даим а шен лаамехь, шен амалехь. Мацах цкъа монголийн ханашна ца къарбелла хӏорш. Лаьмнашка йуха а бевлла, цигара схьа хаддаза тӏелатарш деш, кхузахь чомахь ца битина цара мехкашдӏалецархой. Ца къарбелла уьш къизачу Тимурна а. Амма хьалхарчара а, шолгӏачо а дуккха а мохк дӏабаьккхина нохчашкара. Цхьа-ши бӏе шо хьалха кӏез-кӏезиг бовлуш, шайн дайн махка, арен тӏе йухаберза боьлча, кхузахь йаккхий дуьхьалонаш ӏиттало царна. Чергазийн, гӏебартойн, гӏумкийн, ногӏийн, гӏалмакхойн а элий. Хьуна дуккха а хезна хир ду, нохчийн элий бацара, уьш маьрша бара бохуш. Гондӏарчу къаьмнашций, вайн халкъаций дустаре диллича, маьрша дан а дара и къам. Нийсо-м, дера, йацара. Цхьаъ хьал долуш, важа къен хилча, нийсо бохург дӏа ма долу. Амма ас бохург кхин ду. Царна йукъахь бацара шайн долахь йарташ, крепостной ахархой болуш, церан кхоллам шайн карахь болуш, Европехь, Азехь, Россехь, кху Кавказерчу кхечу къаьмнийнаш санна, «классически феодалаш».
Цундела царна ца лаьара феодалашна кӏел совца.
Шайн махкара и луларчу къаьмнийн феодалаш дӏабаха гӏуьттура нохчий. Цкъа-шозза уьш лелхо аьтто а нисбеллера церан. Амма уьш йуха а церан коча хуьйшура Терка тӏерачу вайн администрацин гӏоьнца.