дацара ас. Элех, паччахьан инарлех, динан дайх даьллачу хӏух тешам даим кӏезиг бара сан. Вай-х дарий ткъа цхьана лулахь, вовшийн диканан, бохаман дакъа а кхочуш, цхьаьна йукъахь сискалш йууш. Аш шайн дош кхочушдинехьара, тахана вайн йукъара гӏуллакх хӏокху кӏажа таІийна хир дацара. Шу, Уьстамаларчу Гӏеза-Махьмас хӏун олу хьуьйсуш, лергаш дахдина, ца ӏийнехьара, Дегӏастанара эскарш а кхуза далийна хир ма дацара. Эскарш-м хьовха, царна хьалхаваьлла тхох лата веана виъ эзар Іаьндо а. Лулахой хуьлу иштта!
Диламхойн Гоьнжин Мусакхайс, шен месала куй хьала а теттина, чоин пхьуьйшаца хьаьжа тӏера хьацар дӏахьаькхира.
– Ахь тхоьга иштта чӏогӏа бехкбаккхар нийса дац, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – элира цо, гӏовталан кочан лакхара ши вета дӏа а хоьцуш. – Тхан бехк ма бац Дегӏастанарчу цхьаболчу тхьамданаша Уьстамала ладегӏар а, цара шайн дош кхочушцадар а, паччахьан эскарца ӏаьндой Чӏебарла бахкар а. Баккъал аьлча, тхо а ду тхайн цхьаболчу тхьамданаша лелочух шек. Уьш вайн вархӏий дайшкахь дуьйна схьа ханаш а, бекаш а хилла нах ма бу. Шемалан заманахь а йа хӏара ӏедал тӏедеача а, гайшна тӏера мохь цуьрриг а лах ца йелла церан. Царний, тхуний йукъахь стигаланий, лаьттаний йуккъехь йолччул йукъ йу. Тхо къен ду, шу санна, ткъа уьш хьал долуш бу. Уьш дуьне дӏакхалла гӏерта, ткъа оха сискал лоьху. Ахь гӏуллакх долийначу хьалхарчу дийнахь тхан тхьамданийн бертаза тхо ши бӏе стаг хӏоьттина хьуна тӏаьхьа. Цхьаболу ӏаьндой хьуна дуьхьалбевлла, цхьаберш хьуна тӏаьхьахӏиттина. Шун нохчашлахь а хилла-кх изза. Арен тӏехь шун нохчийн йарташа тӏе а ца эцна, йуха ца ваьлла хьо? Тӏецаэцарал сов, герз карахь хьуна дуьхьал ца бевлла уьш?
Даьргӏахь, Белгӏатахь, ЦІоьнтарахь хьуна дуьхьалбовла кечлуш бац ткъа хьан нохчий? Иштта ма алал ахь, ӏаьлбаг-Хьаьжа. Вайн дайн кица ма ду, куьйган пхи пӏелг а бац цхьатера, олуш. Диканиш, вониш а, къонахий, кӏиллой а, доттагӏий, йамартхой а массанхьа а ма бу. Къаьсттина – кху заманахь.
– Тхох схьа ца кхетта йа тхуна дуьхьало йина и масех йурт, ӏедало тӏе эскарш а дигна, кхерийна лелла, – карзахе вистхилира ӏаьлбаг. – Дегӏастанахь, санойн, абхазойн махкахь айса дийцинарг къонахашца,