тептарна тӏе хьалхатаьӏира Іаьлбаг.
«Вежаршка гиххошка салам-маршалла!
Вайн халкъана тӏехь паччахьан ӏедало латточу ӏазапах, харцонах иза маьршадаккха гӏевттина тхо. Ӏазап цхьатерра хьоьгу вай, амма, цунна дуьхьал гӏевттина, тхан дакъалоцурш кӏезиг хилла. Ӏедалан йалхоша, цунна бохкабеллачара цхьадерш ӏехийна шу, дисинарш – кхерийна. Дуьхьалойаро бен эшор йац харцо. Шу дийшина а ӏаш, наха маршо йохьур йац шуна. Тхан цӏий ӏенош, йуьстах лаьтта шу. Шайн йарташкарчу тхьамданашца цхьаьна ӏедална дохкаделла-те шу, йа шун дегнаш чу кӏиллолла йоьссина-те? Мича йахана нохчийн иллешкахь йуьйцу гиххойн майралла, къонахалла? Вайн йукъарчу гӏуллакхна шайн синош дӏадала севццачу вежарша орцах кхойкху шу. Кхо де даьлча, тӏаьхьа хир ду шуна. ТІаккха кхузахь буьсучу жоьра зударша, байша неӏалт кхайкхор ду шуна.
Симсарарчу Олдаман кӏант, имам Ӏаьлбаг-Хьаьжа»
Йаздинарг леррина йуха а дешна, тептарна тӏера меллаша схьадаьккхина кехат йуьстах а диллина, шолгӏачунна тӏевирзира Іаьлбаг.
«Тхан къоман вежаршка – нохчашка, гӏалгӏашка.
Бутт хьалха ӏедална дуьхьал гӏевттина тхо, дуьненан даьхни лоьхуш а ца гӏевттина. Тхуна оьшург, оха лоьхург нийсо йу, берашна мижарг а бу. Бӏарзделла гӏевттинчу тхуна гӏодаран меттана, тхан цӏий Іано даьхкина шу. Шаьш хьанна гӏуллакх до ца хаьа шуна? Аш ларбийраш паччахьан инарлаш, хьал дерш ма бу. Цара, ӏехийна йа кхерийна, арадаьхна шу. Тхох вийна йа лаьцна валийначу стагана тӏера йал лур йу, ма аьлла, шуна. Тхуна дуьхьал инарлина гӏуллакх динчунна йал хӏоттийна шуна. ЦІийх дуьзна ахча ду аш оьцург. Цунах дезар эца дохку шу? Хӏунда дохкаделла шу? Эхь хӏунда до аш вайн къомана? Шуьгара йамартло йаьлла ма ца ӏа, ахчанах шайн вежарий байъа ма даьхкина шу. Шайн дегнаш чуьра шайтӏа дӏаэккхаде, йамартло дӏайаккха. Шайн куьйгех цӏий кхетале, йухадовла. Йухадовлий ца ӏаш, тхох схьакхета. Хаалаш, шен халкъана дуьхьалваьлларг йамартхо вуйла.
Симсарарчу Олдаман кӏант, имам
Ӏаьлбаг-Хьаьжа»
Ӏаьлбагна шера хаьара, ша гонна йукъахьарчош вуйла. Инарла Свистунов Шелахула схьа ма-веллинехь, хиънера цунна иза Нохчмахка мича ӏалашонна вогӏу. Подполковникан