Нагахь полковникна эшахь, Іаьлбаг-Хьаьжа схьалаца гӏоьнна нах бала тӏе а лецира. Буртӏанайн пурстоьпо Дацаев Шайх-Махьмас а чІагӏдора, Салатави къарйелла сецна бохуш.
Амма отряд Зандакъа кхаьчча, Батьяновна хаамаш беара, йерриг Салатави а, тахана тийна хилла аьккхийн уггар йоккха йурт Акхташ-Эвла а гӏевттина аьлла.
Батьянов шен отрядца сихха Кешана йухавирзира. Эпсарех дага а ваьлла, цо сацам тӏеийцира, ша Нажин-Юьрта хьажийна майоран Коленкон отряд йуха а кхайкхина, берриг а ницкъашца Салатавина таІзар дан ваха.
Хӏокху галдевллачу гӏуллакхашна йуккъехула йочанаш а йуьйлайелира. КІудалара охьадуттуш санна, тӏеӏенара догӏа. Лаьмнийн басеш аьхначу кӏоргий хершнаш чухула хьере охьахьаьлхира мокха ӏовраш. Яркхсу дестарна кхерам бара. Тӏаккха догдохийла йацара артиллери дехьайаккхаре. Вуьшта а вон ма ду кхузара некъаш. Тӏепаза йайра ӏуьйранна гарнизонера арабовлуш салтийн хилла самукъане дог-ойла. Ӏаламе кхарстадахар санна царна хетта хӏара гӏуллакх жоьжахате доьрзуш доллура. Хӏинцале а царна йукъабаьржинера, ӏаьлбаг сийсара Салатаве а веана, цигарчу гӏовттамхошна коьрте хӏоьттина боху хаам. Бенахь а ца хилла ма-дийццара синтеме. Цигарчу хьаннашкахь а йу, боху, кегийра йелахь а, гӏовттамхойн масех отряд. Гӏаттаман йуьххьехь шен полкера кхоъ салти нохчашкахьа вадаро а, дуккха а салтийн дог-ойла гӏовттамхошкахьа хиларо а даим дӏа сема хила доьзуьйтура Батьяновн. Цундела, Кешанера аравалале, обозан ворданна тӏе а ваьлла, салташка доцца къамел дира Батьяновс.
– Салтий! Мятежникех къахетий, куьг йуха ма озалаш. Хӏара тӏом бу, ткъа тӏамехь къинхетам ца оьшу. Цхьаъ ах бӏе шо хьалха кхузахь кхоьллина вайн полк. Тахханалц цо курра хьалха йаьхьна шен байракх. Бӏеннаш турпала хьуьнарш йаздина шен истори тӏе. Вайн полкан сий лардар шуна тӏехь ду, салтий! Хастам хуьлда Государана Императорна!
Салташа кхузза «ура» аьлча, хьалххе кечйинчу полкан оркестро «Дела, паччахь ӏалашвелахь» гимн лекхира. Полкан командиран къамело дегнаш айъина салтий деттачу догӏанна кӏел, буькъа хатт кегош, Яркхсуца охьабуьйлабелира.
Оцу дийнахь беха некъ ца бира отрядо. ТІедеттачу