– Хӏун ду хилларг? – хаьттира МІаьчига, чоин ветанаш дӏа а духкуш.
– Салтий бу йуьрта богӏуш!
– Хӏинца хӏун до цара?
– Хӏун дара-дацара ду церан? Диканна ца богӏу. Схьахетарехь, нах леца бохку.
– Ахь хӏун до?
– Шал-Дукъа воьду-кх.
МІаьчиг цецваьлла хьаьжира.
– ЦІа ца веанчунна таІзар дийр ду, ма боху ткъа?
– Дӏаваьллахь! – куьг ластийра Янарсас. – Уьш-м бевзара вайна. Ахь хӏун до?
– Йуьрта воьду со-м.
– Хьо гӏаз цига йаха там а, дера, бу. Вайшиннан кӏентий ӏаьлбагца хилар дицделла хьуна? Гучу ма-веллинехь, хьовззийна схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Цул, суна тӏаьхьахӏотта хьо.
– Сайниг вуйла царна муха хаьа?
– Делхьа, ма воккха тӏантӏалш ву-кх хьо, ван-м ткъа! Хортӏина хиъча, ца тоьу хьуна? Цо-х иза Петарбухе дӏакхачийна хир ду.
Мӏаьчига ойла йира.
– Хӏан-хӏа, Янарса, со ца вогӏу. Къеначу вайх хӏун до цара?
– Нуьцкъах хьо сайца вуьгийла-м, дера дац. Йахийта. Со меъ ду-кх хьуна, хьо тӏаьхьа дохко ца вийлахь!
МІаьчигах догдиллина, куьг а ластийна, дӏаволавелира Янарса. Дехьо ваьлча, йуха а хьаьжна, мохь туьйхира цо:
– Сан йоккха стаг йа Макка хьайна гахь, со Шал-Дукъа хьалавели, цига дӏадуьйла аьр ахь!
Шина даггахь Мӏаьчиг йуьрта богӏучу новкъа меллаша охьаволавелира. Баккъал а, Хортӏас мотт бина хир бу-те цуьнан кӏантах лаьцна? Хортӏина иза бӏаьрга а ма ца гина. Йа, Къайсар воцчунна, цхьанне а ца гина хӏара шиъ цхьаьна. МІаьчиг-м, дера, ша, Сибрех-м хьовха, седа дуьхьал хьажийча а, шек ца волура, шен кӏант Коьра дийна висчахьана. Хаац-кх, цунах хӏун хилла. Уьш бӏе стаг Коьжалкан-Дукъахь чӏагӏвелла сецна, боху. Дерриг эскарш тӏе а оьзна, го бахь, бовла меттиг йац царна. МІаьчиг шек-м, дера, вара нах ӏедалал тоьлург цахиларх. Амма цуьнга ла ца дуьйгӏира Къайсара, Коьрас а. Хӏинца диллина дӏа доруш ду дог.
Лахо ваьлча, цунна дуьхьалкхийтира гихь а, карахь а ларчанаш йолуш догӏу Айза а, Деши а, ӏусман а. Оцу йуккъехула каралаьцна топ йара ӏусманан. Бӏаьрг ма-кхийттинехь хиира МІаьчигна уьш стенга боьлху. Хӏара дуьххьара а ма дацара. Йуьрта салтий масазза богӏу, ӏаьлбагца баханчу нехан доьзалш регӏарчу хьаннашка ма бовлу.
– Хӏара лелийна девр дуй шу даим а?
– Хӏун дийр ду ткъа? Лаьхкина Сибрех дигарна кхоьруш,