Эпсарша леррина ладоьгӏура полковнике. Лаха чуьра схьа хезара салтийн а, отрядерчу ламанхойн а иллеш. Кху агӏор хийра нах хаабелла, карзахе летара жӏаьлеш а.
– Штурм йолор йу шина агӏонгахьара: къилбехьа Шоьна тӏера охьа а, къилбаседехьара – Іиси-Юьртана тӏера хьала а. Козловскийс шен отряд Шоьна улло хӏоттайо. Ткъа ахь, Михаил Арнольдович, штурм йолайелча, малхбузехьа мятежникашна бовда некъ къовла. Цул сов, лаг лаьцна совцо йеза Эрсанний, Шоьнанний йукъара йарташ. Штурм йолор йу нохчийн, гӏалгӏайн, гӏумкийн, салатавхойн а милиционерийн сотняша.
Пруссаков, синтем байна, меттахъхьайра.
– Пурба лохьа, господин полковник! Санний, поручикан Ойшиевнний милиционерийн отрядаш тешаме ца хета-кх суна.
– Хӏунда?
– Кху гондӏарчу йарташкарчу нахах вовшахтоьхна ма йу уьш. Мятежникашна йукъахь гергара нах бу церан дуккха а.
– Цундела беза-кх уьш массарна а хьалха баха. Баккъашна тӏе цамзанаш а таӏийна. Амма, суна хетарехь, туземцаш дика летар бу, командующин хӏара приказ аш цаьрга дӏакхайкхадахь.
Батьяновс, схьа а лехна, дӏадийшира командующис даийтина къайлах приказ:
«Хаси-Юьртан, Веданан, Органан, Грозныйн округийн начальникашка.
Ӏаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш симсаройн хьаннашкахь къайлайаьлла обаргийн гӏера схьалаца йа хӏаллакйан ӏалашо йолуш, цӏераш йаьхначу йеа округехь лаамхойх милици вовшахтуху, царах дӏатухур йолуш йолу Терски ханна милицин гӏалгӏайн, хӏирийн сотняш а.
…Керла вовшахтухучу милицин дакъойн хӏор а дошлочунна, хӏирийн а, гӏалгӏайн а милиционерашка терра, 10 сом йал а, говрана докъар а ло. Хьаннашкахь шайна кхачанан гӏайгӏа милицин йерриг сотняша а, отрядаша а шаьш бо.
Милицина тӏедуьллу, хьаннашкахь къайлабевлла обаргаш хӏаллакбина ца ӏаш, йарташкара къайлах царна тӏебаха гӏоьртина нах а берриг хӏаллакбар. Отрядийн начальникашка шайл лахарчаьрга дӏакхайкхадайта ишттачех хӏор а лаьцначу йа вийначу стагах царна 25 сом совгӏат лург хилар. Цул сов, коьрта обаргаш лецначарна совгӏат кхайкхаде: Іаьлбаг-Хьаьжех – масех эзар сом, Солтмурдах а, Залмин Дадех а – масех бӏе сом. И коьрта обаргаш дийна тӏебалийначунна лучу совгӏатан барам кхин а лакхара хир бу…
Теркан областан эскарийн командующи
инарла-адъютант Свистунов.
15 июнь 1877 шо»