Сайга далург дерриг а ас дина,
Кхин а тӏех дика иза далур долчо – дейша.
Марк Туллий Цицерон
Зандакъойн йарташ а, цаьрца доза долу Салатавера масех йурт а хьаьшна, цигара дикка бахархой, лецна, Россин къилбаседа губернешка дӏа а хьовсийна, ӏаьлбаг схьа ца лаьцнехь а, амма гӏаттамца дерг тӏаьххьара а, гуттаренна а чекхдаьлларг лерина, Владикавказе йухавирзира Свистунов.
Амма кху тӏаьххьарчу деношкахь телеграфо а, геланчаша а бохьучу керл-керлачу хаамаша гойтура иза гӏалатвалар. Басса тӏера йарташ а гӏевттина, цигара лаьцна Ведана вало 135 махкатӏхо а ведда аьлла, хаам кхаьчча, оьгӏазвахана, Іаржвелира Свистунов.
– Эхь ду-кх иза! – хьалха ӏуьллу кехатийн туп, схьа а эцна, ластийна стоьла тӏе тоьхна йаржийра цо. Коре вахана, иза дӏа а диллина, логера кочан мӏерий дӏахийцира.
Дехьо, аллеян ӏиндагӏашкахь, кортош тӏе къорза четарш лаьцна, дӏасхьайолайелла лелара къона ши йоӏ.
Жимма волавелча, стоьла тӏе йуха а вирзина, Аваловга кехат йаздира цо.
«№ 63 йолуш ахь даийтинчу кехато сайн дог дохор хьох къайладаккхалац соьга. Шина йоккхачу тоьпаца, йалх ротина йуккъе а воьллина, лаьцна вуьгуш волу 135 стаг муха вадавелла бохучух со кхеттане а кхеташ вац-кх.
Лецнарш бовдарца вайн галдаьллачу гӏуллакхе ӏаьлбаган кхиамаш шуьйрра баржарна тӏеӏаткъам ца байта, иза тӏеэцначу йа цунна дуьхьало ца йинчу йарташца ахь цхьа йистйаккхар бегӏийла хета суна. И йарташ тӏаьххьара а йохийна дӏайаха аьтто белхьара, дика хир дара, йа, вуьшта аьлча, халкъ рицкъанах дӏахадийча, шайн дуккха а барамехьчу доьзалшца хьаннашкахь беха ца латтабелла, бахархой сихха тӏебогӏур бара. Царна тохар а, таІзар а чӏогӏа хилчхьана, вайна зенаш хиларх тарлур ду.
Инарла-адъютант Свистунов.
7 июль 1877 шо».
Кехатца сихха Ведана геланча а хьажийна, йуха а ойланашка велира Свистунов.
Хӏинцале а Нохчийчоьнан массо маьӏӏера схьа хаамаш кхаьчнера, Коьжалкан-Дукъахь доккхачу эскарца кхаа дийнахь тӏом а бина, гонна йукъара ваьлла ӏаьлбаг вахаро а, лецна бало махкатӏхой ӏаьлбага цхьакӏеззигчу нахаца доккхачу эскарна йукъара схьабахаро а халкъалахь ӏаьлбаган сий айъина бохуш. Хӏинца иза Чӏебарлоша шаьш